-
|Ezequiel 40:1| Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа ткъе пхоьалгӀачу шеран хьалхарчу беттан уьтталгӀачу дийнахь, бавелхоша Ярушалайм йохийна дейтта шо кхочуш — оццу дийнахь Суна тӀе Везачу Элан ницкъ боьссира, ткъа Цо со оцу гӀала дӀаваьхьира.
-
-
-
|Ezequiel 40:2| Дала хӀиттийначу суьрташкахь Цо со Исраил-махка а валийна, вуно лекхачу лам тӀе дӀахӀоттийра. Ткъа цу лам тӀехь къилбехьа йолчу агӀонгахь гӀала йолуш санна цхьа гӀишлош хеталора.
-
-
-
|Ezequiel 40:3| Везачу Эло со цига схьавалийра. Цигахь цӀаста санна къегаш долу амат долуш волу цхьа стаг вара. Кевнна уллохь дӀа а хӀоьттина, лаьтташ волчу цуьнан карахь хӀума юстуш йолу втанан тӀийраг а, иштта хӀума юстуш йолу гӀаж а яра.
-
-
-
|Ezequiel 40:4| Цу стага соьга элира: «Адаман кӀант, хьайн бӀаьргашца хьажа а хьажа, хьайн лергашца ла а догӀа, хьайн дог ас гойтуш долчу массо а хӀуманна тӀе а дерзаде, хӀунда аьлча хьо и дерриг а гайта валийна ву кхуза. Хьайна мел гинарг Исраилан халкъе дӀадийца».
-
-
-
|Ezequiel 40:5| Суна Делан цӀийнан кертана гонахула бина болу пен гира. Цу стеган карахь суна хӀума юстуш йолу гӀаж гира, ялх дол хиллал еха а йолуш (хӀора дол цхьа шира доллий, цхьа шей лоруш яра). Цу стага пенан шоралла юьстича, иза цхьана гӀожан барамехь шуьйра а, оццул лекха а яра.
-
-
-
|Ezequiel 40:6| Цул тӀаьхьа, малхбалехьа дӀадерзийна динчу кевнна улло а вахана, цуьнан ламеш тӀехула хьала а ваьлла, неӀсагӀа дуьстира цо. Оцу неӀсагӀин шоралла цхьана гӀожан барамехь яра 24.
-
-
-
|Ezequiel 40:7| ХӀора агӀонгара йолу чоь цхьа гӀаж шуьйра яра. Чоьнашна юккъехь долу пенаш пхи дол дара. Ткъа кевнал тӀехваьллачул тӀаьхьа йолчу ученна уллохь долу неӀсагӀа цхьана гӀожан барамехь шуьйра дара.
-
-
-
|Ezequiel 40:8| ТӀаккха цо Делан цӀийнан агӀор йолчу ученан ков дуьстира, иза цхьана гӀожан барамехь дара.
-
-
-
|Ezequiel 40:9| Цул тӀаьхьа цо ученан ков дуьстира — иза бархӀ дол хилира, ткъа цуьнан пенийн гӀорторан шоралла ши дол яра. И уче Делан цӀийнан ков долчу агӀор яра.
-
-
-
|Ezequiel 40:10| Малхбалехьа дӀадерзийна долчу кевнан хӀора агӀонгахь кхоккха жима цӀа дара, уьш хӀора а цхьана барамехь дара, шина а агӀор йолу пенийн гӀортораш санна.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
