-
|Ezequiel 33:1| Соьга Везачу Элан дош кхечира:
-
-
-
|Ezequiel 33:2| «Адаман кӀант! Хьайн къомах болчаьрга дӀаала: „Нагахь санна Аса цхьана махкана тӀе тӀом хьажабахь, наха шайна юкъара цхьа гӀаролхо харжа мега.
-
-
-
|Ezequiel 33:3| Цу гӀаролхочо, шена мостагӀий гича, коьман маӀа а лекхна, шен нахе орца доккхур ду.
-
-
-
|Ezequiel 33:4| Коьман маӀан аз хезначул тӀаьхьа а, цхьаммо а иза тергал ца дахь, цул тӀаьхьа и стаг туьро хӀаллак а вахь, цуьнан цӀий цунна шена тӀехь хир ду.
-
-
-
|Ezequiel 33:5| Коьман маӀан аз хезча, оцу стага цуьнан тидам ца барна, цуьнан цӀий цунна шена тӀехь хир ду. Шен хеннахь цо тидам бинехьара, шен дахар кӀелхьардоккхур дара цо.
-
-
-
|Ezequiel 33:6| Нагахь санна цу гӀаролхочо, тӀебогӀу мостагӀий шена гича, адамашка дӀахьедархьама коьман маӀа а ца лакхахь, тӀебаьхкинчу мостагӀаша царах цхьаъ хӀаллак а вахь, иза шен къинош бахьана долуш вийна хир ву, амма Аса оцу гӀаролхочуьнга жоп доьхур ду, и валар бахьана долуш“.
-
-
-
|Ezequiel 33:7| Ткъа хьох, адаман кӀант, Исраилан халкъан гӀаролхо вина Аса. Соьгара болу хаам хьуна мосазза хеза, Сан цӀарах цаьрга дӀахьедан деза ахьа.
-
-
-
|Ezequiel 33:8| Ас зуламечу стаге: „ХӀей, зуламхо! Хьо билггал лийр ву!“ алахь, ахьа цуьнга, харц некъа тӀера дӀавала аьлла, дӀа ца хьедахь, и стаг шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа цуьнан цӀийх Аса хьоьга жоп доьхур ду.
-
-
-
|Ezequiel 33:9| Амма ахьа зуламечу стаге, шен некъа тӀера дӀавала аьлла, дӀахьедар динчул тӀаьхьа, иза кхин дӀа а иштта лелахь, иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа ахьа хьайн дахар кӀелхьардоккхур ду».
-
-
-
|Ezequiel 33:10| «Ткъа ахьа, адаман кӀант, дӀаала исраилхошка: „Аша иштта боху: ‘Тхан вон лелар а, тхан къинош а тхуна тӀехь ду. Тхо телхаш ду уьш бахьана долуш. Тхо муха даха деза те?’“
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
