-
|Ezequiel 48:1| «ХӀорш ю тайпанийн цӀераш. Къилбаседехьа йолчу агӀор Хьетлонан некъана уллохула Хьаматан лаьмнийн дехьадовларан метте, цигара дӀа Хьацар-Ӏейнана тӀе кхаччалц (иза Дамасакхан кӀоштан доза ду. Цунна къилбаседехьа чохь Хьамат-гӀала йолу меттиг ю): малхбалехьарчу дозанна тӀера хӀордана тӀе кхаччалц Данан тайпанан лаьттан дакъа хир ду.
-
-
-
|Ezequiel 48:2| Данан дозанна тӀера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа Ашаран тайпанна кхочур ду.
-
-
-
|Ezequiel 48:3| Ашаран декъа тӀера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан важа дакъа Напталан тайпанан долахь хила деза.
-
-
-
|Ezequiel 48:4| Напталан декъа тӀера дуьйна малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан дакъа Маннашан тайпанан хила деза.
-
-
-
|Ezequiel 48:5| Маннашан долахь долчу декъа тӀера дуьйна малхбалехьара малхбузе кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа Эпрайман долахь хила деза.
-
-
-
|Ezequiel 48:6| Эпрайман дозанна тӀера схьа, малхбалехьара дуьйна малхбузе кхаччалц долу цхьа дакъа Раабанан долахь хила деза.
-
-
-
|Ezequiel 48:7| Раабанан дозанна тӀера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа ЯхӀудан тайпанна кхочур ду».
-
-
-
|Ezequiel 48:8| «ЯхӀудан декъана уллохь малхбалехьара малхбузе кхаччалц ткъе пхиъ эзар дол шуьйра меттиг леринчу Ӏалашонна дӀакъастор ду. Цуьнан йохалла, вукху дакъойн ма-хиллара, хир ю. Цу лаьттан декъана юккъехь Делан цӀа хир ду.
-
-
-
|Ezequiel 48:9| Аша Везачу Элана совгӀатна дала дезаш долу лаьттан дакъа йохаллехь ткъе пхиъ эзар, ткъа шораллехь — ткъа эзар дол 41 хир ду.
-
-
-
|Ezequiel 48:10| Динан дайшна лерина долу лаьттан деза дакъа иштта хир ду. Иза къилбаседехьа агӀор ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь хила деза, малхбузехьа агӀор — шоралла итт эзар дол, малхбалехь — шоралла итт эзар дол, иштта къилбехь дохалла ткъе пхиъ эзар дол хила а деза. Цу лаьттана юккъехь Везачу Элан еза меттиг хила еза.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
