Ezequiel


  • |Ezequiel 7:1| ТӀаккха со волчу Везачу Элан дош кхечира:

  • |Ezequiel 7:2| «ХӀинца, адаман кӀант, хӀара бу хьуна Хьалдолу Эла волчу Соьгара Исраил-мехкан халкъана лерина болу хаам: тӀекхаьчна чаккхе. Берриг а мехкан еа а маьӀӀе кхаччалц тӀекхаьчна чаккхе.

  • |Ezequiel 7:3| Исраилхой, шуна чаккхе тӀекхаьчна. Сайн оьгӀазалла охьаӀанор ю ас шуна тӀе. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, ткъа Ас бекхам бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашка хьаьжжина.

  • |Ezequiel 7:4| Ас къинхетам бийр бац шух, кхоор дац шу. Аша лелийначунна а, шун дегазчу гӀуллакхашна а бекхам бийр бу Аса. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла».

  • |Ezequiel 7:5| Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Бохамна тӀаьхьахӀоьттина богӀуш бохам бу!

  • |Ezequiel 7:6| ТӀекхочуш ю чаккхе! Улло кхаьчна чаккхе. Иза кестта шу долчохь хир ю. Иза хӀинцале а тӀекхаьчна.

  • |Ezequiel 7:7| Исраил-махкахь Ӏаш берш, бохаман рагӀ шуна тӀекхаьчна. Дог доьхначеран зама тӀекхаьчна, уллохь ду лаьмнашкахь синкъераман гӀовгӀа ца хеза де.

  • |Ezequiel 7:8| Кестта Аса шуна тӀе охьаӀанор ю Сайн дералла, ткъа Сан оьгӀазалла шуьга кхочур ю. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, Ас бекхам а бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашка хьаьжжина.

  • |Ezequiel 7:9| Шух къинхетам а бийр бац, шу кхоор а дац Аса. Аша лелийначунна а, шун дегазчу гӀуллакхашна а бекхам бийр бу Аса шуна. ТӀаккха хуур ду шуна, таӀзар Дийриг Веза Эла волу Со вуйла.

  • |Ezequiel 7:10| ТӀекхаьчна и де! ТӀекхаьчна карзахдаларан зама! Бохаман рагӀ тӀекхаьчна. Харцоно заза даьккхина, куралла хьалакхиъна.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.