Ezequiel


  • |Ezequiel 31:1| Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа цхьайтталгӀачу шеран кхоалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира:

  • |Ezequiel 31:2| «Адаман кӀант! Мисархойн паччахь волчу пирӀуне а, дерриг а цуьнан халкъе а дӀаала: „Хьайн сийлахь хиларца хьо хьаьнца нисво ахьа?

  • |Ezequiel 31:3| Хьажал Ливанун-ломара баганан дитт санна болчу Ашур-махке, шена тӀехь хаза гаьннаш а долуш, ӀиндагӀ луш гӀа а долуш болчу. Цуьнан бохь мархашна юкъахь 13 бара.

  • |Ezequiel 31:4| Хино и дитт кхиадора, бухарчу хиша иза лакхадаьккхира. Уллохула дӀаоьхуш долу хин татолаш гонах долчу дитташна тӀе дӀаоьхура.

  • |Ezequiel 31:5| Вукху диттел а лекха дара иза, шена тӀехь деха гаьннаш а долуш, хӀунда аьлча цунна тӀедогӀуш кхоччуш дукха хи дара.

  • |Ezequiel 31:6| Стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннашна юкъахь шайн бенаш дора, лаьттарчу акхароша цуьнан гаьннашна кӀел шайн кӀорнеш йора. Дуьненара сийлахь къаьмнаш цуьнан ӀиндагӀехь дехаш дара.

  • |Ezequiel 31:7| Лекха а долуш, хаза дара и дитт, шена тӀехь деха гаьннаш а долуш, цуьнан орамаш а хих Ӏаьбна дара.

  • |Ezequiel 31:8| Делан бешахь долу баганан дитт цуьнца дуста ца лора. Зоьзан дитташ цуьнан зуьгалгех тар ца лора, пхонан дитташ цуьнан гаьннашца нис ца лора. Делан бешахь долу цхьа а дитт цуьнан хазаллица дуста ца лора.

  • |Ezequiel 31:9| Дуккха а гаьннаш а делла, Аса иза хаздинера, цундела Ӏеданера массо а дитташ, Делан бешахь долу массо а дитташ цунах хьоьгуш дара“».

  • |Ezequiel 31:10| Цундела Хьалдолчу Эло иштта элира: «Хьо, стоммачу гаьннашна тӀехула хьала а баьлла, иштта лакхабаларна а, хьо сийлахь хиларна хьан дог курадаларна а,


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.