-
|Ezequiel 4:1| «Адаман кӀант, кибарчиг схьа а эций, иза хьайна хьалха дӀахӀоттае, ткъа цунна тӀехь Ярушалайм-гӀалин сурт дилла.
-
-
-
|Ezequiel 4:2| ТӀаккха гӀалина го лаца: иза схьаяккхархьама тӀеман гӀирс а дӀахӀоттабе, лаьттан гунаш а де, меттаметтанаш а де, царна гонах кевнаш дохош долу бӀогӀамаш а хӀиттаде.
-
-
-
|Ezequiel 4:3| Цул тӀаьхьа бепиг дотту аьчка у схьа а эций, хьайний, цу гӀалиний юккъе дӀахӀоттаде. Цу гӀалина тӀе а верзий, цунна го а бай, иза схьаяккха хьажа. Иза Исраилан халкъана билгало хир ю.
-
-
-
|Ezequiel 4:4| Юха ахьа, аьрру агӀор охьа а вижий, Исраилан халкъан къинош хьайна тӀеэца. Хьо цу аьрру агӀонна тӀехь мел Ӏуьллу, оццул ханна и къинош хьуна тӀехь хир ду.
-
-
-
|Ezequiel 4:5| Аса хьуна тӀехь и къинош хила деза денош, цхьа де цхьана шарца а нисдеш, терахь хӀоттийна. Кхо бӀе дезткъе итт дийнахь хир ду хьуна тӀехь Исраилан халкъан къинош.
-
-
-
|Ezequiel 4:6| Иза хьо дина ваьллачул тӀаьхьа, аьтту агӀор а верзий, шовзткъа дийнахь Ӏилла. Цу деношкахь ахьа ЯхӀудан халкъан къинош хьайна тӀеоьцу, цхьа де цхьана шарца а нисдеш: оццул хан ю Ас хьуна билгалъяьккхинарг.
-
-
-
|Ezequiel 4:7| Хьайн бӀаьргаш го лаьцначу Ярушалаймана тӀе а хьажабай, берзинчу пхьаьрсаца цунна дуьхьал Делера болу хаамаш бе.
-
-
-
|Ezequiel 4:8| Ткъа хӀинца хьажал, Ас хьо машшашца дӀавоьхкур ву, хьо цхьана агӀора вукху агӀор верза йиш йолуш вац, ахьа гӀалина го бина долу денош чекхдовллалц.
-
-
-
|Ezequiel 4:9| Хьайна кӀа а, мукх а, кхоьш а, хьозийн кхоьш а, Ӏов а схьа а эций, уьш цхьана пхьегӀи чу а йохкий, царах дама даккха. Цу демах хьайна баьпкаш де, хӀора хьайн цигахь аьрру агӀор Ӏилла везачу дийнан цӀарах цхьацца бепиг а деш. Ахьа уьш кхаа бӀе дезткъе итт дийнахь даа деза.
-
-
-
|Ezequiel 4:10| Ахьа хӀора дийнахь юуш йолчу хӀуманан барам ткъа шекхал 3 хила еза. Иза дийнан дохаллехь шен-шен барамехь яа еза.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
