-
|Ezequiel 45:1| «Шаьш, кхаж а тесна, латта доькъучу хенахь, лаьттан еза кӀошт Везачу Элана совгӀатна дӀакъастае. Иза йохалла ткъе пхиъ эзар дол, ткъа шоралла ткъа эзар дол 33 хила еза. Цуьнан гонахарчу дозанна чоьхьара дерриге а латта деза хир ду.
-
-
-
|Ezequiel 45:2| Оцу лаьттах пхи бӀе дол дохаллехь а, иштта пхи бӀе дол шораллехь а долу еакӀов латта шена тӀехь Делан цӀа долуш йолчу езачу меттигна лерина хила деза, ткъа цунна гонах шовзткъе итт дол шена тӀехь хӀумма а йоцуш йолу аре а хила еза.
-
-
-
|Ezequiel 45:3| Ткъа лаьттан езачу кӀошта тӀера ткъе пхиъ эзар дол йохаллехьа а, итт эзар дол шораллехьа а латта схьакъастаде. ТӀехь Делан цӀа долу уггар езачу меттигна лерина хир ду иза.
-
-
-
|Ezequiel 45:4| И даздина латта хир ду, Делан цӀа чохь гӀуллакх деш болчу а, Далла гӀуллакх дан Цунна тӀе богӀуш болчу а динан дайн. Цу лаьтта тӀехь цара шайна цӀенош дийр ду, иштта Делан цӀенна лерина йолу еза меттиг а хир ю цигахь.
-
-
-
|Ezequiel 45:5| Ткъе пхи эзар дол йохаллехь а, итт эзар дол шораллехь а долу лаьттан дакъа Делан цӀийнан керташкахь болх беш болчу левихойн долахь хир ду. Церан цигахь шаьш Ӏаш йолу гӀаланаш хир ю 34.
-
-
-
|Ezequiel 45:6| ГӀалин дола даккха пхи эзар дол шуьйра а, ткъе пхи эзар дол деха а долу лаьттан дакъа. Иза лаьттан езачу кӀоштана дуьххьал хила деза. И латта дерриг а Исраилан халкъан долахь хила деза.
-
-
-
|Ezequiel 45:7| Элана дӀало лаьттан езачу кӀоштана а, иштта гӀалин дола яьккхинчу меттигна а шинна а агӀор долу латта. И латта гӀалин малхбузерчу дозанна тӀера малхбузехьа а, гӀалин малхбалерчу дозанна тӀера малхбалехьа а дӀасадаьржар ду. Элан лаьттан дохалла малхбузерчу дозанна тӀера малхбалерчу дозанна тӀекхаччалц Исраилан тайпанийн дакъойн дохалле хьаьжжина хир ду.
-
-
-
|Ezequiel 45:8| И латта Исраил-махкахь элан долахь дерг хир ду». «Сан халкъана кхин гӀело йийр яц Сан элаша, амма цара Исраилан халкъана пурба лур ду, шен тайпанашка хьаьжжина, латта шайн дола даккха».
-
-
-
|Ezequiel 45:9| Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Тоьар ду шуна, Исраилан халкъан элий! Нахана ницкъ бар а, царна гӀело яр а сацаде. Цуьнан метта бакъдерг а, нийсо а лелае. Сан халкъ шен лаьтта тӀера арадаккха ма гӀерта». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
-
-
-
|Ezequiel 45:10| «Нийса хуьлийла шун терза а, шун мазал а, шун черма а.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
