-
|Ezequiel 6:1| Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира:
-
-
-
|Ezequiel 6:2| «Адаман кӀант! Исраил-махкарчу лаьмнашна дуьхьал вистхилий, Делера болу хаам бе цаьрга.
-
-
-
|Ezequiel 6:3| Цаьрга ала: „Исраил-махкара лаьмнаш! ЛадогӀа Хьалдолчу Элера долчу даше. Лаьмнашка а, гунашка а, боьранашка а, тогӀешка а Хьалдолчу Эло боху: Шуна тӀе тур хьажор ду, шун сагӀа доккху гунаш дохорхьама.
-
-
-
|Ezequiel 6:4| Шун сагӀа доккху меттигаш яссийна хир ю, ткъа хаза хьожа йогӀу хӀума яго меттигаш хӀаллакйина хир ю. Байъиначеран декъий Ас шун цӀушна хьалха охьакхуьссур ду.
-
-
-
|Ezequiel 6:5| Исраилхойн декъий Ас церан цӀушна хьалха охьадохкур ду, ткъа шун даьӀахкаш шун сагӀа доккхучу меттигашна гонах охьакхуьссур ю.
-
-
-
|Ezequiel 6:6| Шу дехаш йолу массо а гӀала яссийна хир ю, шун сагӀа доккху гунаш дохор ду, иштта шун сагӀа доккху меттигаш яссийна а, йохийна а хир ю, шун цӀуш кегбина а, хӀаллакбина а хир бу, хаза хьожа йогӀу хӀума яго меттигаш кегйина хир ю, аша шайн куьйга мел йинарг дӀаяьккхина хир ю.
-
-
-
|Ezequiel 6:7| Халкъах дукхахберш байъина охьаэгор бу, ткъа бисинчарна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.
-
-
-
|Ezequiel 6:8| Амма шух цхьаберш кхечу къаьмнашца бечу тӀамах кӀелхьарбовлуьйтур бу Аса, ткъа уьш хийрачу мехкашкахула дӀасабаржийна хир бу.
-
-
-
|Ezequiel 6:9| Шух дийна бисинчарна, халкъашна юкъахь йийсарехь Ӏаш болчу хенахь, Со дагавогӀур ву. Шайн тешаме доцучу дегнашца Сох дӀадовларна а, церан бӀаьргашца цӀушна тӀаьхьахӀиттарна а Суна халахетта хиларх кхетар бу уьш. Иштта, церан шаьш-шайх дог дер ду, шаьш лелийна вон хӀуманаш а, шаьш мел дина дегаза гӀуллакхаш а бахьана долуш.
-
-
-
|Ezequiel 6:10| Царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла а, Айса царна бохам боккхур бу Аса эрна аьлла доцийла а“».
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
