-
|Ezequiel 33:21| Тхо Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа уьтталгӀачу шеран уьтталгӀачу беттан пхоьалгӀачу дийнахь со волчу Ярушалаймера кӀелхьарваьлла волу цхьа стаг кхечира. Цо элира: «ГӀала йоьжна!»
-
-
-
|Ezequiel 33:22| Амма и стаг со волчу кхачале, суьйранна, суна тӀе Везачу Элан куьг хӀоьттира. Ӏуьйранна, и стаг со волчу схьакхачале, Цо сан бага дӀайиллира 16. Иштта, сан бага дӀайиллича, со вистхила йиш йолуш хилира.
-
-
-
|Ezequiel 33:23| Соьга Везачу Элан дош кхечира:
-
-
-
|Ezequiel 33:24| «Адаман кӀант! Исраил-мехкан дакъазадаьккхинчу лаьтта тӀехь Ӏаш болчара боху: „ИбрахӀим ша цхьаъ вара Дала цунна хӀара латта дӀалучу хенахь. Ткъа хӀинца тхо дуккха а ду, цундела хӀара латта тхуна, тхайн долахь долуш санна, схьаделла ду“.
-
-
-
|Ezequiel 33:25| Цундела дӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша жижиг цӀийца цхьаьна доу, шу шайн цӀушка сатийсамца хьоьжу, аша адамаш хӀаллакдо. ХӀара латта шун долахь муха хир ду?
-
-
-
|Ezequiel 33:26| Шу шайн туьрах тешна ду, аша дегаза вонаш до, вовшийн зударшца эвхьазадуьйлу. ХӀара латта шун долахь муха хир ду?’“
-
-
-
|Ezequiel 33:27| Ахьа дӀаала цаьрга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, цу йохийначу гӀалин саьлнаш юкъахь Ӏаш болу нах туьро хӀаллакбина хир ма бу. Аренгахь нисбелларш Ас акхарошна дӀалур бу, цаьрга байъийта, ткъа чӀагӀонаш чохь а, хьехаш чохь а дӀалевчкъинарш Ӏожаллин уьно хӀаллакбийр бу.
-
-
-
|Ezequiel 33:28| Ас латта дассор ду, цу махко дозалла деш мел хилла долу хӀума хӀаллакьхир ду. Исраил-махкара лаьмнаш а дассалур ду, кхузахула тӀехволуш гуш стаг а хир вац.
-
-
-
|Ezequiel 33:29| Цу наха дина дегаза хӀуманаш бахьана долуш, Ас хӀара латта дассийна дӀахӀоттийча, тӀаккха хуур ду царна Со Веза Эла вуйла’“.
-
-
-
|Ezequiel 33:30| Ткъа хӀинца, адаман кӀант, хьох лаьцна эр ду Ас. Хьан къомах долу адамаш, гӀалин пенашна уллохь а, цӀийнан неӀаршна уллохь а гул а делла, хьох лаьцна къамелаш деш ду. Цара вовшашка боху: „Дуьйло, хьовса, Везачу Элера хӀун дош деана“.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
