Ezequiel


  • |Ezequiel 40:41| Йиъ стол кевнан арахьарчу агӀор яра, ткъа важа йиъ чоьхьарчу агӀор яра. Уьш ерриг а бархӀ стол яра, дийнаташ дайа лерина йолу.

  • |Ezequiel 40:42| Дийнаташ дагоран сагӀанашна лерина йолу йиъ стол хьаькхначу тӀулгах йина яра. Цуьнан йохалла а, шоралла а цхьа дол ахдол яра, ткъа лакхалла цхьа дол яра. Цу тӀехь динан дайша дийнаташ дагоран сагӀа а, кхидолу сагӀанаш а дохучу хенахь шайна оьшуш болу гӀирс охьабуьллура.

  • |Ezequiel 40:43| Гобаьккхина пенех дӀатоьхна куьйггал долу мӀерий дара, ткъа стоьлаш тӀе сагӀа доккхучу хенахь даьккхина долу жижиг дуьллура.

  • |Ezequiel 40:44| Чоьхьарчу кевнан арахьахула йина илланчашна лерина ши чоь яра. Цхьаъ къилбехьа йирзина яра, ткъа важа, къилбехьарчу кевнна агӀонгахь ерг, къилбаседехьа йирзина яра.

  • |Ezequiel 40:45| Цу стага соьга элира: «Къилбехьа йолу чоь Делан цӀенна ха деш болчу динан дайшна лерина ю.

  • |Ezequiel 40:46| Къилбаседехьа йирзина йолу чоь сагӀа доккхучу кхерчана ха деш болчу динан дайшна лерина ю. Уьш берриш а ЦӀадукъин тӀаьхьенах бу. Левихойн тайпанах болчарна юкъара церан бен бакъо яц Везачу Элана уллобаха, Цунна хьалха гӀуллакх дархьама».

  • |Ezequiel 40:47| Цо чоьхьара керт юьстира. Иза бӀе дол йохалла а, бӀе дол шоралла а яра, еакӀов а йолуш. Делан цӀенна хьалха лаьтташ сагӀа доккху кхерч а бара.

  • |Ezequiel 40:48| Цо со Делан цӀийнан уче йолчу схьавалийра. ТӀаккха цо массо а пенан гӀортор юьстира, уьш хӀорра а пхиппа дол яра. Ков дейтта дол шуьйра дара 26, ткъа пенан шоралла кхо дол яра.

  • |Ezequiel 40:49| Делан цӀийнан ученан шоралла ткъа дол яра, ткъа йохалла шийтта дол яра. Цунна тӀебоьдучу ламин итт тӀегӀа дара, хӀора шина пенан гӀорторна уллохь цхьацца бӀогӀам а бара лаьтташ.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.