-
|Romanos 7:1| Динан вежарий, шуна хууш дац ткъа (аса хӀара бакъонаш евзачаьрга ма боху), бакъонаша, адам дийна мел ду, цунна тӀехь олалла дойла?
-
-
-
|Romanos 7:2| Товрат-хьехамийн бакъонаша тӀе-ма-диллара, марехь йолу зуда, шен майра дийна мел ву, цунна тешаме хила еза. Шен майра велча, оцу бакъонех иза паргӀатйолу.
-
-
-
|Romanos 7:3| Цундела, майра дийна а волуш, иза кхечуьнга яхча, иза нахаца леларг лору. Амма майра велла йолу зуда маре яхча, иза нахаца леларг ца лору.
-
-
-
|Romanos 7:4| Иштта шу а, сан динан вежарий, Дала леррина Къобалвинарг валарца Цуьнца цхьаьна товрат-хьехамашна делла ду. Веллачуьра Денвинчун дола вай девлла, Далла стоьмаш бахьаш долу дахар вайн хилийтархьама.
-
-
-
|Romanos 7:5| Вешан синан лаамийн долахь вай хилча, вайн дегӀан меженаша къилахь болу лаамаш кхочушбора, ткъа товрат-хьехамаш бахьана долуш и лаамаш алсамбовлура. Цара вайга Ӏожаллина гӀуллакхаш дойтура.
-
-
-
|Romanos 7:6| Ткъа хӀинца вай дихкинчу хьехамашна делла долу вай оцу хьехамех паргӀатдаьхна. Иштта ширачу некъаца, товрат-хьехамаш кхочушбарца, Далла гӀуллакх ца до вай, амма керлачу некъаца, Делан Синца до.
-
-
-
|Romanos 7:7| Делахь, товрат-хьехамаш къилахь бу аьлла, жамӀ дийр ду вай? Дера дац! Амма суна къалатор хӀун ду хуур дацара, сайна товрат-хьехамаш ца бевзинехьара. ХӀунда аьлча кхечу стеган хӀума дезар суна девзар дацара, нагахь санна товрат-хьехамаша иштта бохуш дацахьара: «Кхечу стеган цхьа а хӀума шуна ма дезийла».
-
-
-
|Romanos 7:8| Амма товрат-хьехамаша бохург бахьана долуш, къино аьтто бина хӀума езийта суна чохь тайп-тайпана лаамаш хилийта. Хьехамаш боцучохь къа делла ма ду.
-
-
-
|Romanos 7:9| Со мацах товрат-хьехамаш а боцуш ваьхнера, ткъа весет суна тӀедиллича, къа денделира,
-
-
-
|Romanos 7:10| ткъа со велира. Суна ваха аьлла деллачу весето со валарна тӀевалийра.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
