-
|Romanos 12:1| Аса цундела доьху шуьга, динан вежарий, дийна а, деза а, Далла тамехь долу а сагӀанаш санна, шайн догӀмаш Далла дӀало. Далла деш долу и тайпа гӀуллакхаш товш ду шуьгахь.
-
-
-
|Romanos 12:2| ХӀокху дуьненан ойланашца ма лелалаш, амма шайн хьекъал, метта а даладайтина, Деле карладаккхийта. ТӀаккха бевзар бу шуна шайх лаьцна болу Делан лаам. Шуна хуур ду Далла хьалха диканиг а, Далла тамехь дерг а хӀун ду а, Делан кхачаме лаам муха бу а.
-
-
-
|Romanos 12:3| Аса шух хӀорранга а боху, сайна Дала деллачу дикане хьаьжжина: шайх лаьцна хила езачул лекха ойланаш ма хилийталаш, амма, шайна хӀоранна а Дала деллачу тешаре хьаьжжина, оьзда ойла елаш.
-
-
-
|Romanos 12:4| Вайн дегӀ цхьаъ делахь а, цуьнан дуккха а меженаш ю. И меженаш цхьатерра гӀуллакхаш кхочушдеш яц.
-
-
-
|Romanos 12:5| Иштта вай а, ваьш дукха делахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнца а долуш, цхьа дегӀ ду, ткъа вайх хӀора а цу дегӀан вовшахтоьхна меже ю.
-
-
-
|Romanos 12:6| Вайна хӀоранна а, Дала шена деллачу дикане хьаьжжина, похӀма делла. Делера болу хаамаш баран похӀма хьайна деллехь, иза дӀакхехьа, хьайн долчу тешаре хьаьжжина.
-
-
-
|Romanos 12:7| Дала хьуна кхечарна гӀуллакх даран похӀма деллехь, и гӀуллакх дӀакхехьа. Цо хьуна динан хьехамча хилар деллехь, хьеха.
-
-
-
|Romanos 12:8| Уллорачун догъэца похӀма хьан делахь — догъэца. Хьайн йолчу хӀуманийн кхечаьрца дакъа дан похӀма хьан делахь, уьш комаьрша дӀасаекъа. Куьйгалла дан похӀма хьан делахь, доггах куьйгалла де. Къинхетам баран похӀма хьан делахь, иза а хазахетарца де.
-
-
-
|Romanos 12:9| Шун безам даггара хуьлийла. Вониг ма дезалаш, ткъа диканиг ларделаш.
-
-
-
|Romanos 12:10| Вежаршка санна хуьлучу безамца вовшийн дезалаш, вовшийн алсам ларалаш.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
