-
|Romanos 15:1| Тешар тӀехь чӀагӀделлачу вай чӀагӀбелла боцучарна гӀо дан деза, ваьшна тамехь дерг дина а ца Ӏаш.
-
-
-
|Romanos 15:2| Вайх хӀораммо а уллорачунна тамехь дерг дан деза, иза цунна диканна а, иракарахӀотторна а хуьлуьйтуш.
-
-
-
|Romanos 15:3| ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчо а ца дора Шена тамехь дерг. Амма яздина ма-хиллара: «Хьо сийсазвочеран сийсаза дешнаш Суна тӀедоьжна».
-
-
-
|Romanos 15:4| Ткъа хьалха яздина мел долу хӀума вайна хьехамна яздина ду, Делан Йозанаша вайна лучу доьналлица а, иракарахӀитторца а вешан сатийсар хилийтархьама.
-
-
-
|Romanos 15:5| Доьналлин а, иракарахӀитторан а хьоста волчу Дала шуна лойла, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дахаран масале хьажарна, вовшашна юкъахь цхьа ойланаш хилар.
-
-
-
|Romanos 15:6| Иштта хилча, цхьана синца а, цхьана дешнашца а хаставан тарло аша Дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Да.
-
-
-
|Romanos 15:7| Цундела, Дала леррина Къобалвинчо шаьш тӀеэцаре терра, аша а тӀеэца вовшийн, Дела хаставархьама.
-
-
-
|Romanos 15:8| Дагадаийталаш, Дала леррина Къобалвинарг жуьгташна 7 ялхо хилира, Дела тешаме хилар гайтархьама. Иштта, Иза веара, церан дайшна дина долу ваӀда кхочушдархьама а,
-
-
-
|Romanos 15:9| кхечу къаьмнех болчу нахе а Дала шайна динчу диканна хастамаш байтархьама а. Яздина ма-хиллара:«Аса Хьо кхечу къаьмнашна юкъахь хестор ву, иллешкахь ас Хьан цӀе язйийр ю».
-
-
-
|Romanos 15:10| Кхин а аьлла ду:«Даккхийде, кхечу къаьмнех долу адамаш, Делан халкъаца цхьаьна».
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
