-
|Romanos 3:1| Жуьгти хилар гӀолехь хӀунда ду, я сунтварх хӀун пайда хуьлу?
-
-
-
|Romanos 3:2| Иза массо а агӀор гӀолехь ду, ткъа уггар а дика дерг Делан дош царна Ӏалашдан делла хилар ду.
-
-
-
|Romanos 3:3| Ткъа и хӀун ду? Нагахь санна цхьаберш тешаме ца хиллехь, церан тешам цахиларо дойур-м дац те Делан тешаме хилар?
-
-
-
|Romanos 3:4| Дера дац! Дела тешаме ву, ткъа муьлхха а адам харцлуьйш ду. Яздина ма ду:«Айхьа дуьйцучохь Хьо нийса а ву, кхел ярехь Хьо тоьлур а ву».
-
-
-
|Romanos 3:5| Нагахь вайн харцлеро Делан бакъхилар дӀадоьллуш хилча, хӀун ала вай? Дела нийса вуй те, бохур ду вай, Цо Шен таӀзар вайна дича? (Аса-м адаман ойланца боху иштта.)
-
-
-
|Romanos 3:6| Дера дац! Иза иштта хилча, дуьнен чуьра массо а адамашна Дала кхел ян муха тарло?
-
-
-
|Romanos 3:7| Нагахь санна сан тешаме цахиларо Делан тешаме хилар лакхадоккхуш хилча, нагахь санна Делан сийлалла иштта алсамдолуш хилча, хӀета къинош летийначунна санна Дала суна кхел хӀинца а хӀунда ян еза?
-
-
-
|Romanos 3:8| Иза иштта делахь: «Диканиг далийтархьама, зуламаш дей вай» хӀунда олийла дац ткъа? Вай иштта хьехамаш бо бохуш, цхьаболчара меттанаш детта вайна. Ишттачарна Дала нийса кхел йина.
-
-
-
|Romanos 3:9| ТӀаккха? Дуй те вай царал тоьлуш? Данне а дац, хӀунда аьлча ас дӀагайтина жуьгтий а, кхечу къаьмнех берш а къинан долахь хилар.
-
-
-
|Romanos 3:10| Яздина ма ду:«Далла хьалха цхьа а бакъ вац.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
