Romanos


  • |Romanos 8:1| Делахь, хӀинца Дала леррина Къобалвинчуьнца бехачарна цхьана а тайпана кхел йийр яц,

  • |Romanos 8:2| Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца долу дахар тӀедалочу Делан Синан Ӏедало къиношна а, Ӏожаллина а тӀевалочу Ӏедалех хьо 2 паргӀатваьккхина дела.

  • |Romanos 8:3| Вайн адаман са эгӀаза хиларна, товрат-хьехамашка кхочушдан ца делларг Дала кхочушдина. Дала лаьтта тӀе Шен КӀант ваийтира къинойн адамийн санна долчу вастехь, къинах доккху сагӀа Цунах хилийтархьама. Цу тайпана Дала адамна чохь доллучу къинна кхел йина.

  • |Romanos 8:4| Цо иза дина, вешан синан лаамашца а доцуш, ткъа Делан Синца дехаш долчу вайгахула товрат-хьехамийн бакъдолу декхарш дуззалц кхочушхилийтархьама.

  • |Romanos 8:5| Шайн синан лаамашца бехачара оцу лаамех дегнаш дузу, ткъа Делан Синца бехачара Синан лаамех шайн дегнаш дузу.

  • |Romanos 8:6| Шайн синан лаамех дегнаш дузар — иза Ӏожалла ю, ткъа Делан Синан лаамех дегнаш дузар — иза дахар а, синпаргӀато а ю.

  • |Romanos 8:7| И хӀунда ду иштта? Нагахь санна адамо шен синан лаамех дог дузахь, иза Делан мостагӀа хуьлу. Делан хьехамийн Ӏедална муьтӀахь ца хуьлу иза, мелхо а, царна муьтӀахь ца хилало иза.

  • |Romanos 8:8| Шайн синан лаамашца лелачаьрга Далла тамехь дерг ца дало.

  • |Romanos 8:9| Амма шу шайн синан лаамашца дехаш дац. Мелхо а, нагахь санна шуна чохь Делан Са дехаш делахь, Делан Синан лаамашца деха шу. Нагахь санна шух цхьаьнца Дала леррина Къобалвинчун Са дацахь, иза Цуьнан долахь вац.

  • |Romanos 8:10| Нагахь санна Дала леррина Къобалвинарг шун даг чохь вехаш велахь, шун дегӀ, къинош летош хиларна, лийр ду, ткъа шун са дийна ду 3, Дала шу бакъдина долу дела.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.