-
|Romanos 10:1| Динан вежарий! Доггах лаьа суна исраилхой а кӀелхьарбаьхна хила. Цунах лаьцна доьху аса Деле.
-
-
-
|Romanos 10:2| Царах тоьшалла до аса: хьекъалца нийса некъ шайна ца бовзахь а, Далла леррина гӀуллакх деш бу уьш.
-
-
-
|Romanos 10:3| Дала стаг Шена хьалха муха бакъво шаьш ца кхета дела, иза шайгара хилийта гӀиртина дела, Дала нах бакъбеш болчу некъана муьтӀахь ца хилира уьш.
-
-
-
|Romanos 10:4| Товрат-хьехамаш буьззина кхочуш а бина, Дала леррина Къобалвинарг цу хьехамийн чаккхе хилира, Цунах тешарехула Далла хьалха бакъвар хӀоранна а хилийтархьама.
-
-
-
|Romanos 10:5| Товрат-хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха адам бакъдарх лаьцна Муса-пайхамаро иштта боху: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву».
-
-
-
|Romanos 10:6| Ткъа тешарца Далла хьалха адамаш бакъдарх лаьцна цо иштта боху: «Шайн дегнашкахь ма хетта: „Мила вер ву стигалшка хьала?“ — бохуш», (иза ду Дала леррина Къобалвинарг кхуза охьавалорхьама).
-
-
-
|Romanos 10:7| «Иштта ма хетта шайн дегнашкахь: „Мила вуссур ву эхарте?“ — бохуш», (иза ду, Дала леррина Къобалвинарг беллачарна юкъара кхуза хьалаваккхархьама).
-
-
-
|Romanos 10:8| ХӀан-хӀа! ХӀун аьлла ду Делан Йозанашкахь? «Делан дош хьуна юххехь а ду, хьан матта тӀехь а ду, хьан дог чохь а ду». И дош вай адамашна хьоьхуш долчу тешарх лаьцна ду.
-
-
-
|Romanos 10:9| «Ӏийса Веза Эла ву!» — бохург хьайн баганца ахь къобалдахь, Дала Иза веллачуьра денвина хиларх хьо даггара тешахь, хьо кӀелхьарваьккхина хир ву.
-
-
-
|Romanos 10:10| ХӀунда аьлча даггарчу тешаро стаг Далла хьалха бакъвина хиларна тӀевалаво, ткъа баганца къобалдаро стаг кӀелхьарваьккхина хиларна тӀевалаво.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
