-
|Romanos 2:1| Амма кхечунна бехк буьллуш волчу хьан бехказаволийла дац, хӀунда аьлча кхечунна еш йолу кхел ахь хьайна йо, кхиверг бехке веш волчу ахьа а изза леладо дела.
-
-
-
|Romanos 2:2| Ткъа вайна хаьа, иштта гӀуллакхаш дечарна Дала еш йолу кхел нийса юйла.
-
-
-
|Romanos 2:3| Иштта гӀуллакхаш дечарна кхел а еш, ткъа айхьа изза а лелош, Делан кхелах хьо кӀелхьарвер ву-м ца моьтту хьуна, ва стаг?
-
-
-
|Romanos 2:4| Я Делан шортта долчу диканах, эсалаллах, собарх ца веша те хьо? Ца кхета те хьо Шен диканца Дела хьо Шена тӀеверзо гӀерташ хиларх?
-
-
-
|Romanos 2:5| Амма хьайн юхахьарачу амалца а, дохко ца долучу дагца а ахьа-айхьа хьайна таӀзарш гулдо Делан оьгӀазло а, Цуьнан бакъйолу кхел а гучуйоккхучу денна.
-
-
-
|Romanos 2:6| Дала хӀоранна а, цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина, йийр ю кхел.
-
-
-
|Romanos 2:7| Дика гӀуллакхаш а деш, сийлалла а, ларам а, хедар доцу дахар а лоьхучарна Ша волчохь долу хедар доцу дахар лур ду Цо.
-
-
-
|Romanos 2:8| Ткъа дегала а болуш, билггал бакъдерг дӀа а тоттуш, харцдолчунна тӀаьхьахӀуьттучарна Делан луьралла а, оьгӀазло а хир ю.
-
-
-
|Romanos 2:9| Зулам деш волчу хӀоранна а гӀайгӀанаш а, баланаш а хир бу, цкъа хьалха жуьгташна, тӀаккха кхечу къаьмнех болчарна!
-
-
-
|Romanos 2:10| Мелхо а, сийлалла а, ларам а, синпаргӀато а хир ду дика деш волчу хӀоранна а, цкъа хьалха жуьгташна, тӀаккха кхечу къаьмнех болчарна!
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
