Romanos


  • |Romanos 3:11| Цхьа а кхетам болуш а вац, цхьа а Дела лоьхуш а вац.

  • |Romanos 3:12| Массо а адамаш Делах дӀадирзина, берриш а галбевлла бу. Цхьа а диканиг дийриг вац, ур-атталла цхьаъ-м вац.

  • |Romanos 3:13| Церан къамкъаргаш дӀаделладелла кешнаш санна ю. Шайн меттанашца нах лебо цара. Лаьхьарчийн дӀовш ду церан багахь.

  • |Romanos 3:14| Церан баганаш сардамех а, стимах а юьзна ю.

  • |Romanos 3:15| ЦӀий Ӏано уьш сиха арабовлу.

  • |Romanos 3:16| Цара шаьш баханчохь бохам а бо, хӀаллакдар а дахьа.

  • |Romanos 3:17| Машаран некъ ца бевза царна.

  • |Romanos 3:18| Церан бӀаьргаш чохь Делах кхерар дац».

  • |Romanos 3:19| Ткъа хӀинца вайна хаьа, товрат-хьехамаша хьоьхург хьехамийн долахь болчарна а дуйла. Цундела цхьаннан а бехказаволийла дац: массо а адамаш — жуьгтий я кхечу къаьмнех уьш белахь, Далла хьалха бехке хуьлу.

  • |Romanos 3:20| Товрат-хьехамаш кхочушбарх, Далла хьалха цхьа а бехказавер вац. Оцу хьехамашкахула адамаш шаьш къинош хиларх кхета.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.