-
|Romanos 7:21| Иштта суна хаало хӀара массо а ханна лелаш дерг: хӀоразза а дика дерг дан суна дагадеача, вониг дан лаам суна чохь хилар.
-
-
-
|Romanos 7:22| Ткъа суна чохь долчу адамна Делан хьехамийн Ӏедалца хазахетар карадо.
-
-
-
|Romanos 7:23| Амма сан меженашна чохь кхин тайпа массо а ханна лелаш дерг го суна. Оцу Ӏедало сан хьекъал чохь болчу лаамца къуьйсу. Сан меженашкахь лелаш долчу къинан Ӏедалан йийсархо во цо сох.
-
-
-
|Romanos 7:24| Ма миска адам ду со! Хьан кӀелхьарвоккхур ву со Ӏожаллина со тӀевалош долчу хӀокху дегӀах?
-
-
-
|Romanos 7:25| Аса баркалла боху Далла, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Цо иза дарна! Делахь, сан хьал иштта ду: цхьана агӀор сайн хьекъалца со-со Делан хьехамийн Ӏедалан лай ву, ткъа вукху агӀор сайн адаман синца къинан Ӏедалан лай а ву.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
