Nehemías


  • |Nehemías 9:1| Цу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь исраилхой схьагулбелира, марха а кхобуш, шайна тӀехь сингаттаман духар а долуш, коьрта тӀе тесна ченаш а йолуш.

  • |Nehemías 9:2| Кхечу къаьмнех болчарах схьакъаьстинера исраилхой. Шайн меттигашкахь а лаьтташ, шаьш летийначу къиношна а, шайн дайша динчу зуламашна а мукӀарло дора цара.

  • |Nehemías 9:3| Кхаа сахьтехь лаьттира уьш цигахь, шайн Везачу Делан товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар а доьшуш. Цул тӀаьхьа кхин кхаа сахьтехь цара шаьш лелийначунна мукӀарлонаш а дора, шайн Везачу Далла Ӏибадат а дора.

  • |Nehemías 9:4| Цул тӀаьхьа левихой болу ЮшаӀ а, Бани а, Кхадмиал а, Шабни-ЯхӀу а, Буни а, Шараб-ЯхӀу а, Бани а, Канани а лекхачу метте хьала а бевлла, шайн Везачу Деле мохь а бетташ, доӀа деш бара.

  • |Nehemías 9:5| Юха а левихойх болу ЮшаӀ а, Кхадмиал а, Бани а, Хьашбин-ЯхӀу а, Шараб-ЯхӀу а, ХӀуди-ЯхӀу а, Шабни-ЯхӀу а, Патахь-ЯхӀу а къамелаш дан буьйлабелира. Цара бохура: «Хьала а гӀовттий, шайн Везачу Далла хастамаш бан дуьйлало. Азалера дуьйна абадене кхаччалц хастамаш бе Цунна. Хьан сийлахь цӀе адамаша хестайойла, иза массо а хастамел а, декъалаллел а лекха хуьлийла!

  • |Nehemías 9:6| Хьо — Веза Эла ву! Хьо бен, цхьа а вац! Ахьа стигалш а, царна чохь мел долу седарчий а кхоьллина! Уггар лекха стигалш а, царна чохь мел болу ницкъаш а кхоьллина Ахь! Ахьа латта а, цу лаьтта тӀехь мел долу хӀума а кхоьллина! Ахьа хӀордаш а, цу чохь мел долу хӀума а кхоьллина. Массо а хӀуманна дахар а делла. Стигалара ницкъаш а Хьуна Ӏибадат деш ду!

  • |Nehemías 9:7| Ибрам харжа а хаьржина, Хашадарчу Ур-гӀалара ара а ваьккхина, цунна, ИбрахӀим аьлла, цӀе тиллина Веза Дела ву Хьо.

  • |Nehemías 9:8| Хьуна гира иза Хьайна тешаме хилар, цундела Ахьа цуьнца барт а бира. КанаӀанхойн, хьетахойн, эмархойн, перезахойн, явсайхойн, гӀиргӀашахойн хилла долу латта дӀалур ду элира Ахьа цуьнан тӀаьхьенна. Хьайн ваӀда Ахь кхочуш а дира, Хьо тешаме волу дела.

  • |Nehemías 9:9| Хьуна гуш бара Мисар-махкахь тхан дайша хьоьгуш болу бала. Эрзийн хӀорд болчохь Хьуна хезаш дара цара гӀо доьхуш хьоькхуш долу маьхьарий.

  • |Nehemías 9:10| Мисархошна шаьш тхан дайл лакхара хетийла Хьуна хууш долу дела, тамашийна билгалонаш гайтира Ахьа пирӀунна а, цуьнан элашна а, цуьнан массо а халкъана а дуьхьал. Цундела Хьо цӀеяхана хилла дӀахӀоьттира таханлера де тӀекхаччалц а.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.