-
|Nehemías 7:1| ГӀалин пен бина а баьлла, ас кевнийн неӀарш дӀахӀиттийна евлча, гӀалин кевнашкара гӀаролхой а, илланчаш а, левихой а шайн-шайн гӀуллакхашна къобалбира.
-
-
-
|Nehemías 7:2| Сайн ваша Хьанани а, гӀопан хьаькам волу Хьанан-ЯхӀу а ас къобалвира Ярушалаймана тӀехь урхалла дан. Хьанан-ЯхӀу ас хаьржинера, хӀунда аьлча иза тешаме а, Деле дукхахболчарал сов ларамах вуьзна а волу дела.
-
-
-
|Nehemías 7:3| Цул тӀаьхьа цу шинга аса элира: «ГӀалин кевнаш шаьш схьаделлале, малх къеггина схьакхетталц собардан деза аша. Ткъа кевнаш дӀачӀагӀдан а, царна тӀе ханнаш дӀахӀитто а деза, гӀарол дина бовлале. ГӀарол дан Ярушалайман бахархой харжа. Цхьаберш шайн метте дӀахӀиттабе, ткъа вуьш шайн-шайн цӀеношна дуьххьал дӀахӀиттабе».
-
-
-
|Nehemías 7:4| ГӀала йоккха а, шена чохь шортта меттиг йолуш а яра, ткъа адам цигахь кӀезиг дара, дуккха а цӀенош хӀинца а дина дацара.
-
-
-
|Nehemías 7:5| Дала сан даг чохь ойла кхоьллира, лоруш болу нах а, хьаькамаш а, кхидолу массо а халкъ схьа а гулдина, уьш массо а дӀаязбан беза аьлла, хӀунда аьлча суна схьакарийнера дуьххьара юхабирзинарш дӀаязбина долу тептарш. Царна тӀехь дӀаяздина дара:
-
-
-
|Nehemías 7:6| «ХӀорш бу цу мехкан массо а маьӀӀера болу йийсарера юхабаьхкина болу нах. Бавеларчу паччахьо Набухди-Нецара уьш Бавеле йийсаре дӀабигна хилла, ткъа хӀинца уьш Ярушалайме а, ЯхӀуд-махка а хӀора шен-шен гӀала юхабирзина.
-
-
-
|Nehemías 7:7| Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаӀ, Нахьми-ЯхӀу, Ӏазар-ЯхӀу, РаӀам-ЯхӀу, Нахьмани, Мардахай, Билшан, Миспарти, БигӀвай, Нехьум, БаӀна. ХӀорш ю юхабирзинчу исраилхойн цӀераш:
-
-
-
|Nehemías 7:8| ПарӀушан тӀаьхьенах берш — ши эзар цхьа бӀе кхузткъе шийтта стаг (2172);
-
-
-
|Nehemías 7:9| Шапат-ЯхӀун тӀаьхьенах берш — кхо бӀе кхузткъе шийтта стаг (372);
-
-
-
|Nehemías 7:10| Арахьин тӀаьхьенах берш — ялх бӀе шовзткъе шийтта стаг (652);
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
