-
|Nehemías 8:1| Шеран ворхӀалгӀа бутт тӀекхачале, дерриг а Исраилан халкъ шайн гӀаланашкахь охьахевшича, массо а исраилхой Хин кевнна хьалха йолчу майдане схьагулбелира. Цара Ӏелам стаг волчу Ӏезаре дехар дира, Везачу Эло Муса-пайхамарехула Исраилан халкъана тӀебиллина болу товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар схьада аьлла.
-
-
-
|Nehemías 8:2| Ӏезара схьагулбеллачарна товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар схьадеара. Иза шеран ворхӀалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь дара. Схьагулбеллачарна юкъахь зударий а, божарий а, шайга дуьйцург дӀаэца кхетам болуш долу бераш а дара.
-
-
-
|Nehemías 8:3| Ӏуьйранна дуьйна де делкъе даллалц Ӏезар, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданна дуьхьал вирзина а лаьтташ, массо а божаршна а, зударшна а, иштта массо а ша дуьйцург кхеташ болчу нахана а товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар доьшуш вара. Дерриг а адам товрат-хьехамашка чӀогӀа леррина ладугӀуш дара.
-
-
-
|Nehemías 8:4| Иза цу гӀуллакхна лерина йина йолчу дечиган лакхенна тӀе а ваьлла лаьтташ вара. Цунна аьтто агӀор лаьтташ Матит-ЯхӀу а, ШемаӀ а, Ӏани-ЯхӀу а, УръяхӀу а, Хьалкхи-ЯхӀу а, МаӀсей-ЯхӀу а вара, ткъа аьрру агӀор лаьтташ Пади-ЯхӀу а, Мишаал а, Малки-ЯхӀу а, Хьашум а, Хьашба-Дана а, Закри-ЯхӀу а, Машулим а вара.
-
-
-
|Nehemías 8:5| Ӏезара тептар схьадиллира. Халкъал лекха йолчу лакхенгахь лаьтташ хиларе терра, Ӏезар массарна а дика гуш вара. Цо тептар схьадоьллушехь, массо а адам хьалагӀаьттира.
-
-
-
|Nehemías 8:6| Ӏезара декъал вира Воккха Дела волу Веза Эла. Дерриг а халкъо, шайн куьйгаш стигала хьала а дохуьйтуш: «Амин!» элира. Цул тӀаьхьа, шайн яххьаш лаьтта кхаччалц охьа а таӀийна, Везачу Элана Ӏибадат дора цара.
-
-
-
|Nehemías 8:7| Адамаш юха хьалагӀевттича, левихоша царна товрат-хьехамаш туьдура. Цу левихошна юкъахь бара: ЮшаӀ, Бани, Шараб-ЯхӀу, Ямин, Ӏакхуби, Шабитай, ХӀуди-ЯхӀу, МаӀсей-ЯхӀу, Кхилати, Ӏазар-ЯхӀу, Юзабди, Хьанан, Пали-ЯхӀу.
-
-
-
|Nehemías 8:8| Цу левихоша, Делан товрат-хьехамаш тӀехь болчу тептар тӀера дешнаш билгал а дохуш, уьш тидархьама, царна гочдора 4, адамаш шайна дӀадешначух кхоьтуьйтуш.
-
-
-
|Nehemías 8:9| Цул тӀаьхьа мехкада волчу Нахьми-ЯхӀус а, динан да а, Ӏелам стаг а волчу Ӏезара а, иштта нахана хьоьхуш болчу левихоша а элира: «Тахана шун Везачу Далла дӀакъастийна долу де ду. Сингаттаме а ма хила, делха а ма делха». Цара иштта элира, хӀунда аьлча товрат-хьехамашка ладугӀучу хенахь адам доьлхуш дара.
-
-
-
|Nehemías 8:10| Нахьми-ЯхӀус цаьрга элира: «Дуьйло, хьена яа хӀума а яа, мерзаниг мала а мала. Шаьш юучух дакъа а де яа хӀума кечъяза бисинчарна. Таханлера де Везачу Элана дӀакъастийна долу де ду. ГӀайгӀане а ма хила! Везачу Эло лучу хазахетаро чӀагӀдийр ду шу!»
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
