-
|Nehemías 8:11| Левихоша дагна хьаам бора массо а гулбеллачарна. Цара бохура: «ДӀате! Таханлера де Везачу Элана лерина шатайпа де ду. ГӀайгӀане ма хила».
-
-
-
|Nehemías 8:12| Массо а халкъ шайн цӀеношка дӀадахара хӀума яа а, малар мала а, вовшашна юург-мерг кховдо а, чӀогӀа самукъадаларца даздан а, товрат-хьехамашна юкъара царна аьллачух шаьш кхетта дела.
-
-
-
|Nehemías 8:13| ШолгӀачу дийнахь доьзалийн дай а, динан дай а, левихой а Ӏелам стаг волу Ӏезар волчу бахара, цуьнца цхьаьна товрат-хьехамаш Ӏаморхьама.
-
-
-
|Nehemías 8:14| Везачу Эло Муса-пайхамарехула Ша белла болу товрат-хьехамаш толлучу хенахь царна хӀара карийра: шеран ворхӀалгӀачу беттан дезде даздечу хенахь Исраилан халкъ кхалораш чохь Ӏан дезара.
-
-
-
|Nehemías 8:15| Массо а халкъо, Ярушалаймехула а, шайн гӀаланашкахула а чекх а долуш, баха дезара: «Лаьмнашкахь болчу махка а гӀой, цигара зайт-диттан а, акхачу зайт-диттан а, хурма-диттан а, дукха гӀаш долуш долчу диттийн а, ӀиндагӀ луш долчу диттийн а генаш схьадан деза, царах, товрат-хьехамаш тӀехь ма-аллара, кхалораш ян а еза».
-
-
-
|Nehemías 8:16| Халкъо, ара а даьлла, шега ма-аллара, генаш а деана, царах шайна кхалораш йира. Цара уьш шайн шерачу тхевнаш тӀехь а, шайн уьйтӀахь а, Делан цӀийнан кертахь а, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданахь а, иштта Эпраман кевнна хьалха йолчу майданахь а йира.
-
-
-
|Nehemías 8:17| Массо а йийсарера юхабирзинарш, шайна кхалораш а йина, цу деношкахь цу кхалораш чохь Ӏийра. Нунин кӀант ЮшаӀ ваьхначу хенахь дуьйна хӀара денош тӀе кхаччалц исраилхоша и дезде иштта даздина дацара. Массо а стаг чӀогӀа сакъераделла вара.
-
-
-
|Nehemías 8:18| Ӏезара хьалхарчу дийнахь дуьйна тӀаьххьара де тӀекхаччалц, Делан товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар доьшура царна. ВорхӀ дийнахь лаьттира и деза денош. БорхӀалгӀачу дийнахь, товрат-хьехамаш тӀехь ма-аллара, уьш вовшахкхийтира леррина дӀахӀоьттинчу гуламе.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
