Nehemías


  • |Nehemías 3:1| Динан коьрта да волчу Элишуба а, динан дай болчу цуьнан гергарчара а, хьала а гӀевттина, УьстагӀийн ков юхаметтахӀоттийра. Цара, и ков Далла лерина хилийта къобал а дина, цуьнан неӀарш дӀахӀиттийра. Цу динан дайша Ярушалайман пен дӀахӀоттийра Меа цӀе йолчу бӀаьвнна тӀера Хьананиал цӀе йолчу бӀаьвнна тӀе кхаччалц. Цул тӀаьхьа цу гӀалин пенан дакъа Далла лерина хилийта къобалдира.

  • |Nehemías 3:2| Динан дайшна уллохь гӀалин пен буттуш ерихонхой а бара. Ткъа царна уллохь гӀалин пен буттуш Имарин кӀант Закхур а вара.

  • |Nehemías 3:3| ХӀасинаан кӀенташа ЧӀерийн ков юхаметтахӀоттийра. Ханнаш шайн метте охьа а дехкина, кевнан неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, царна догӀанаш а, гӀораш а дехкира цара.

  • |Nehemías 3:4| Царна уллохь долу пенан дакъа УръяхӀун кӀанта Мармутис хьаладоьттира. УръяхӀу Къоцин кӀант вара. Берех-ЯхӀун кӀанта Машулима царна уллора пенан дакъа хьаладоьттира. Берех-ЯхӀу Маши-Забиалан кӀант вара. БаӀнин кӀанта ЦӀадукъас царна уллохь долу пенан дакъа дира.

  • |Nehemías 3:5| ТакхоӀан бахархоша царна уллора пенан дакъа хьалахӀоттийра. Амма ТакхоӀан лоруш болчу наха кураллина шайн куьйгалхоша тӀедиллинчу гӀуллакхах куьг ца туьйхира.

  • |Nehemías 3:6| Ишана цӀе йолу ков 1 тодеш Писухьан кӀант ЯхӀу-ЯдаӀ а, Басуди-ЯхӀун кӀант Машулим а вара. Ханнаш шайн метте охьа а дехкина, неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, цу неӀаршна догӀанаш а, гӀораш а туьйхира цара.

  • |Nehemías 3:7| Царна уллохь пенаш тодеш гавӀонхо волу Малти-ЯхӀу а, марунихо волу Ядун а вара. Царна гӀо дора ГавӀонарчу а, МицӀпарчу а бахархоша. (Ткъа Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанаш тӀехь волу мехкада МицӀпахь Ӏаш вара.)

  • |Nehemías 3:8| Царна уллохь болх беш вара дашо пхьар волу ХьарихӀа-ЯхӀун кӀант Ӏузиал. Ткъа цунна уллохь болх беш вара хаза хьожа йогӀу хьакхарш а, духӀиш а кечдеш волу говзанча Хьанан-ЯхӀу. Шуьйра пен болчу кхаччалц гӀалин пенаш хьаладира цара.

  • |Nehemías 3:9| Царна уллохь долу пенан дакъа тодира Хьоран кӀант волчу Рапи-ЯхӀус. Ярушалайман ахдекъан хьаькам вара иза.

  • |Nehemías 3:10| Цунна уллохь пен тобеш вара Хьарумапин кӀант Яди-ЯхӀу. Цо шен цӀенна уллохь долу пенан дакъа тодира. Ткъа цунна уллохь долу дакъа Хьашбин-ЯхӀун кӀанта Хьатуша тодира.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.