-
|Nehemías 4:1| Шена тхо Ярушалаймана гонах долу пенаш юхаметтахӀиттош ду аьлла дӀахезча, Санбулат, чӀогӀа оьгӀазвахана, карзахвелира. Иза яхӀудхойх кхарда волавелира.
-
-
-
|Nehemías 4:2| Шен накъосташна а, шамранхойн эскархошна а хьалха цо элира: «ХӀун деш бу кхузахь и сий доцу жуьгтий? ХӀара гӀала юхаметтахӀотто билггал ойла йолуш бу уьш? Царна шаьш сагӀанаш дохур ду моьтту те? Царна шаьш и болх сиха бина девр ду моьтту те? Цаьрга чимашна а, хоттана а юккъера тӀулгаш денлур ма дац!»
-
-
-
|Nehemías 4:3| Санбулатаца цхьаьна волчу Ӏамминхочо ТӀуби-ЯхӀус элира: «Жуьгташа меттахӀоттош ерг хӀун ю? Жима цхьогал тӀедаьлча а, бухур болуш ма бу церан пен».
-
-
-
|Nehemías 4:4| Аса, Деле доӀа а деш, элира: «Ва тхан Дела, сийсаза а дохуш, цара тхох лаьцна аьлларг дӀахазахьара Хьуна тхан доӀанехь. Шаьш тхох кхаьрдинарг царна дуьхьал даккхахьара Ахьа. Хийрачу махка чу, хӀонс санна, йийсаре а бигна, юьхьӀаьржачу хӀиттабехьа уьш!
-
-
-
|Nehemías 4:5| Царна тӀера бехк дӀа а баьккхина, Хьайна хьалха цара летийначу къиношна геч ма дахьара Ахьа, хӀунда аьлча цара пен беш болу нах сийсазбаьхна».
-
-
-
|Nehemías 4:6| Ткъа тхо гӀалин пенаш деш дара. И берриг а пен нийсса ах хьалабина а девлира, хӀунда аьлча цигахь мел верг а даггара болх беш вара.
-
-
-
|Nehemías 4:7| Санбулат, ТӀуби-ЯхӀу, Ӏаьрбихой, Ӏамминхой, ашдодхой чӀогӀа оьгӀазбахара Ярушалаймехь гулбелла болчу нахана, гӀалина гонахара болу пен то а беш, цу пенах даьхна долу Ӏуьргаш дӀа а дукъуш, уьш болх беш бу аьлла шайна дӀахезча.
-
-
-
|Nehemías 4:8| Цара шайна юкъахь барт бира тӀамца Ярушалаймана тӀелата а, гӀалин нах карзахбаха а.
-
-
-
|Nehemías 4:9| Тхо тхайн Деле доӀанаш деш дара. Оха пенаш тӀе гӀаролхой хӀиттийнера, цаьрга, дийнахь а, буьйсанна а гӀарол а деш, тхо мостагӀех лардайта.
-
-
-
|Nehemías 4:10| ЯхӀудхоша мукъам бора:«Киранчийн ницкъ лахбелла, дӀакхоьхьу нехаш дукха хиларна, пен юхаметтахӀотто тхан ницкъ бац».
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
