-
|Nehemías 9:31|Амма Хьайн боккхачу къинхетамца Ахьа уьш массо а хӀаллак а ца бира, уьш Ахьа дӀа а ца тесира, хӀунда аьлча Хьо дика а, къинхетаме а Дела ву!
-
-
-
|Nehemías 9:32|Ткъа хӀинца, тхан Дела, ва сийлахь Дела. Хьо Майраниг а, ларамах дузуьйтуш Верг а, вайна юкъахь болу безаман барт Ларбийриг а ма ву! Хьуна хьалха кӀезиг ма хетийла оха а, тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а, тхан динан дайша а, тхан пайхамарша а, тхан дайша а, дерриг а Хьан халкъо а хьоьгуш болу бала. И бала Ашур-махкарчу паччахьашна тӀера дуьйна хӀара де тӀекхаччалц оха хьоьгуш бу.
-
-
-
|Nehemías 9:33|Массо а тхуна тӀехӀоьттинчу хӀуманна тӀехь Хьо нийса хилла! Хьо тешаме хилла, оха харцдерг лелийнехь а.
-
-
-
|Nehemías 9:34|Тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а, тхан динан дайша а, тхан дайша а Хьан товрат-хьехамаш кхочуш ца бора, Хьан весеташка ла ца дугӀура, Ахьа дагадаийтинарг тергал ца дора.
-
-
-
|Nehemías 9:35|Шайн пачхьалкхехь Ахьа делла долчу Хьан доккхачу диканехь, Ахьа шайн кара дӀаделла долчу доккхачу, уггар дикачу лаьтта тӀехь цара Хьуна Ӏамал а ца йора, шаьш лелош долчу зуламечу хӀуманашна тӀера дӀа а ца бирзира.
-
-
-
|Nehemías 9:36|Ткъа тхо хӀинца леш ду. ХӀокху Ахьа тхан дайшна цаьрга пайда эцийта а, цу тӀера шайна напха даккхийта а дӀаделла долчу лаьтта тӀехь тхо леш хилла дӀахӀиттина.
-
-
-
|Nehemías 9:37|Ахь тхуна тӀехь хӀиттийна болчу паччахьийн кара лаьтто шортта кхиъна ялта чудоуьйту, оха летийна къинош бахьана долуш. Тхан догӀмашна тӀехь олалла до цара, ткъа церан карахь ду тхан даьхни. Цара тхуна тӀехь шайна луъург леладо, цундела тхо йоккхачу гӀайгӀанехь ма ду.
-
-
-
|Nehemías 9:38| И массо хӀума а бахьана долуш, оха бохо йиш йоцуш болу барт бо, иза кехатна тӀехь дӀа а язбеш. Тхан куьйгалхоша а, левихоша а, динан дайша а цу бартана кӀел куьг яздо, иза мухӀарца чӀагӀ а беш».
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
