-
|2 Samuel 6:1| Дауда юха а уггар тоьлушха болу Исраилан тӀемалой шена тӀекхайкхира. Цунна ткъе итт эзар стаг схьагулвелира.
-
-
-
|2 Samuel 6:2| Дауд а, цуьнца долу массо адам а ЯхӀуд-махкарчу БаӀала-гӀала дахара, цигара Делан деза тӀорказ схьадан. Цу тӀорказца йоьзна цхьа леррина цӀе ю: массо а ницкъийн Везачу Элан цӀе. ТӀорказан негӀар тӀехь дина дӀахӀоттийна дашо ши каруб-малик ду. Царна тӀехула ю Везачу Элан меттиг.
-
-
-
|2 Samuel 6:3| Деза тӀорказ, гун тӀехь лаьттачу Абинадабан цӀа чуьра схьа а эцна, керлачу гӀудалкхана тӀе охьа а хӀоттийна, схьадеара. Ткъа Абинадабан кӀентий Ӏузий, Ахьъюй и гӀудалкх лелош вара.
-
-
-
|2 Samuel 6:4| Абинадабан цӀа чуьра арадаьккхина долу Делан деза тӀорказ гӀудалкхана тӀедиллира. Цу гӀудалкхана хьалхаваьлла Ахьъю вара.
-
-
-
|2 Samuel 6:5| Дауд а, исраилхой а Везачу Элана хьалха, зоьзан дечигах динчу тайп-тайпанчу пондаршца а, иштта дечиг-пондаршца а, жиргӀанашца а, горгалешца а, негӀарш вовшахдеттарца а, хелхабуьйлуш бара.
-
-
-
|2 Samuel 6:6| Нахонан хьаьтта кхаьчча, Ӏузас, куьг дӀа а кховдийна, Делан тӀорказ схьалецира, стерчаша иза агӀордаьккхина дела.
-
-
-
|2 Samuel 6:7| Амма Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Ӏузина. Цо иза циггахь, цу тайпана, оза а ца луш, тӀорказна тӀе куьг даьхьна аьлла, вийра. Иза Делан тӀорказна уллохь велира.
-
-
-
|2 Samuel 6:8| ТӀаккха Дауд чӀогӀа оьгӀазвахара, Везачу Эло Ӏузина тохар бахьана долуш. И меттиг хӀинца а «Парас Ӏуза» олуш ю (иза «Ӏузина таӀзар дар» бохург ду).
-
-
-
|2 Samuel 6:9| Цу дийнахь Дауд чӀогӀа кхеравелира Везачу Элах. Цо элира: «Везачу Элан деза тӀорказ со волчу муха дахьар ду?»
-
-
-
|2 Samuel 6:10| Даудана ца лиира Везачу Элан тӀорказ ша волчу, Даудан гӀала, дӀадахьийта. Цундела цо иза гатихо волчу Ӏабади-Эдоман цӀа дӀадаьхьира.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
