2 Samuel


  • |2 Samuel 6:11| Деза тӀорказ гатихо волчу Ӏабади-Эдоман цӀахь кхаа баттахь лаьттира. Везачу Эло Ӏабади-Эдом а, цуьнан дерриг цӀа а декъалдира.

  • |2 Samuel 6:12| Цхьа хан яьлча, наха Дауде элира: «Везачу Эло Ӏабади-Эдом а, цуьнан цӀа а декъалдина, Делан деза тӀорказ иза волчохь лаьттина дела». ТӀаккха Дауда воккхаверца Делан деза тӀорказ Ӏабади-Эдоман цӀера Даудан гӀала схьадаийтира.

  • |2 Samuel 6:13| Везачу Элан деза тӀорказ дахьаш богӀуш болчара хьалхара ялх гӀулч яьккхича, эса а, сту а сагӀина дейтира Дауда.

  • |2 Samuel 6:14| Дауд, шен берриг а ницкъаца воккха а веш, Везачу Элана хьалха хелхавуьйлура, цунна тӀеюьйхина гатанан оба бен, хӀумма а яцара.

  • |2 Samuel 6:15| Дауда а, дерриг а Исраилан халкъо а Везачу Элан деза тӀорказ, хазахетарца маьхьарий а детташ, коьман маӀаш а лоькхуш, схьадахьаш дара.

  • |2 Samuel 6:16| Везачу Элан тӀорказ Даудан гӀалина чоьхьа доккхучу хенахь, Шаулан йоӀ Михула корах арахьоьжуш яра. Шена, Везачу Элана хьалха ирх а лелхаш, воккхаверца хелхавуьйлуш волу Дауд-паччахь гича, шен даг чохь иза цунах ца ешира.

  • |2 Samuel 6:17| Везачу Элан тӀорказ, схьа а деана, Дауда хӀоттийначу Делан четар чохь охьадиллира. Везачу Элана хьалха Дауда дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира.

  • |2 Samuel 6:18| Ша дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш даьхна ваьллачул тӀаьхьа, Дауда массо а ницкъийн Везачу Элан цӀарах халкъ декъалдира.

  • |2 Samuel 6:19| Массо а исраилхочунна, божаршна санна зударшна а, цо цхьацца бепиг а, Ӏаьвдинчу хурманийн цхьацца курс а, Ӏаьвдинчу кишмийн цхьацца курс а кховдийра. Адам шен-шен цӀа дахара.

  • |2 Samuel 6:20| Шен цӀа декъалдан дагахь Дауд шен чу веача, Шаулан йоӀа Михулас, кхунна дуьхьал а яьлла, элира: «Ма билгалвели тахана Исраилан паччахь, шен ялхойн гӀарбашашна хьалхахь верзина а ваьлла, пайда боцуш волу стаг верзина ма-валлара!»


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.