-
|2 Samuel 22:1| ХӀара назма Дауда Везачу Элана олура, Цо ша массо а мостагӀийн а, Шаулан карара а кӀелхьарваьккхинчу дийнахь.
-
-
-
|2 Samuel 22:2| Цо элира:«Веза Эла — сан тарх, сан чӀагӀо, со КӀелхьарваккхархо ву.
-
-
-
|2 Samuel 22:3|Иза сан Дела а, сан Тарх а ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кӀелхьарваларан ницкъ а бу, Иза сан КӀелхьарваккхархо ву, луьрачу мостагӀех со кӀелхьарваьккхи Цо!
-
-
-
|2 Samuel 22:4|Шена хастам бан хьакъ долуш волчу Везачу Эле Аса ма кхойкху, Цо со сан мостагӀех кӀелхьарвоккху.
-
-
-
|2 Samuel 22:5|Ӏожаллин тулгӀенаш яра суна гонах хьийзаш. Дохаран Ӏовраша со вара дурс дӀахьош.
-
-
-
|2 Samuel 22:6|Эхартан зӀенаш хьаьрчинера сох, Ӏожаллин бой яра суна хьалха.
-
-
-
|2 Samuel 22:7|Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира аса. Сайн Деле гӀо доьхуш кхайкхира со. Шен цӀа чохь Цунна сан аз дӀахезира. Сан мохь Цуьнан лере кхечира.
-
-
-
|2 Samuel 22:8|Латта дега а дира, ласта а лестира. стигалийн баххаш меттах а девлира, дега а дира, Дела оьгӀазвахана дела.
-
-
-
|2 Samuel 22:9|Цуьнан мерӀуьргаш чуьра кӀур арабийла болабелира, доллу хӀума дӀакхоллуш йолу цӀе Цуьнан багара а елира. догуш долу кӀегий охьаэгара цу чуьра.
-
-
-
|2 Samuel 22:10|Стигалш дӀаса а теттина, Иза охьавоьссира, Цуьнан когаш бухахь Ӏаьржа мархаш яра.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
