2 Samuel


  • |2 Samuel 18:1| Дауд шен эскаре хьожуш чекхвелира. Цо шен эскарна тӀехь цхьа бӀе а, цхьа эзар а стаг карахь волуш хьаькамаш дӀахӀиттийра.

  • |2 Samuel 18:2| Шен эскар Дауда кхаа декъе дийкъира. Цхьа тоба, Йоаб коьртехь а волуш, дӀахьажийра цо. ШолгӀа тоба — Йоабан ваша волчу Царуятан кӀант Абушай коьртехь волуш. Ткъа кхоалгӀа тоба гатихо волчу Итица дӀаяхийтира. Паччахьо гулбеллачаьрга элира: «Со а вогӀур ву шуьца».

  • |2 Samuel 18:3| Амма наха цуьнга элира: «Хьо тхоьца ма вола. Тхо дӀадовдуш хилахь а, цхьаммо а тидам бийр бац тхан. Тхох нийсса ах хӀаллакьхилахь а, иштта тидаме оьцур дац. Ткъа хьо цхьаъ — итт эзар стеган метта ву. Цундела, хьо гӀалахь а сецна, цигара тхо долчу ахьа гӀо даийтича гӀолехь ду».

  • |2 Samuel 18:4| Паччахьо цаьрга элира: «Аша боххург дийр ду аса». Иза ков долчохь дӀахӀоьттира. Адам гӀалара бӀе а, эзар а стаг юкъахь йолчу тобанашца арадолуш дара.

  • |2 Samuel 18:5| Паччахьо Йоабигий, Абушайгий, Итигий омра дира: «Жима стаг волу Абушалам кхоаве суна!» — аьлла. Массарна а дӀахезира паччахьо Абушаламах лаьцна шен эскаран хьаькамашка аьлларг.

  • |2 Samuel 18:6| Даудан эскар аренгахь Исраилан эскарна дуьхьалделира. Уьш Эпрайман хьуьнхахь вовшахлетира.

  • |2 Samuel 18:7| Даудан эскаро исраилхой эшийра. Боккха толам баьккхира цара цу дийнахь: ткъа эзар стаг вара вийна Ӏуьллуш.

  • |2 Samuel 18:8| Гонах, массо а меттехула, дӀабаьржира тӀом. Адам хьун бахьана долуш дукха хӀаллакьхилира, тур бахьана долчул.

  • |2 Samuel 18:9| Шена дагахь а доцуш, Абушалам Даудан тӀемалошна дуьхьалкхийтира. Иза шен вирбӀарзанна тӀехь дӀавоьдуш вара. ВирбӀарза доккхачу ножан диттан генашна кӀелхула дӀайоьдучу хенахь, Абушаламан месаш гаьннех дӀатасаелира. Иза лаьттаний, стигалний юккъехь кхозуш висира, ткъа цуьнгахь хилла йолу вирбӀарза едда дӀаяхара.

  • |2 Samuel 18:10| И сурт гина волчу цхьана тӀемалочо Йоабе хаам бира: «Абушалам ножан дитта тӀехь кхозуш ву» — аьлла.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.