-
|2 Samuel 5:1| Исраилан халкъан массо а тайпанашкара болчу наха, Дауд волчу Хьевроне а баьхкина, цуьнга элира: «Тхо хьан са а, цӀий а ду.
-
-
-
|2 Samuel 5:2| Шаул тхуна тӀехь паччахьалла деш волчу хенахь а, ахьа Исраилан халкъ тӀам тӀе а дигна, цигара юха а далийна. Везачу Эло хьоьга элира: „Хьо Сан Исраилан халкъана тӀехь жаӀу хир ву, цуьнан баьчча а хир ву“».
-
-
-
|2 Samuel 5:3| Исраилан халкъах болу берриг а къаной Дауд волчу Хьевроне баьхкира. Цо цаьрца Хьевронехь Везачу Элана хьалхахь барт бира. Дауд Исраилан халкъан паччахь ван, зайтдаьтта а дуттуш, къобалвира цара.
-
-
-
|2 Samuel 5:4| Паччахь хилла Дауд дӀахӀоьттича, цуьнан ткъе итт шо дара. Дауда шовзткъа шарахь паччахьалла дира.
-
-
-
|2 Samuel 5:5| Хьевронехь ша волуш, цо ЯхӀудан халкъана тӀехь ворхӀ шараххьий, ялх баттаххьий шен паччахьалла латтийна, ткъа Ярушалаймехь иза дерриг а Исраилан халкъана а, ЯхӀудан халкъана а тӀехь ткъе кхойтта шарахь паччахь хилла лаьттира.
-
-
-
|2 Samuel 5:6| Паччахь а, цуьнца болу нах а Ярушалайме бахара, цигахь бехаш болчу явсайхошна тӀелата. Ткъа цара Дауде элира: «Хьо кхуза чувогӀур вац: ур-атталла бӀаьрзечарий, астагӀчарий дӀалоллур ву хьо». Иза «Дауд кхуза чувалур вац» бохург дара.
-
-
-
|2 Samuel 5:7| Делахь а, уьш эша а бина, Дауда Цийон олуш йолу гӀап схьаяьккхина. ТӀаьхьо цу гӀопана, «Даудан гӀала» аьлла, цӀе тиллира.
-
-
-
|2 Samuel 5:8| Цу дийнахь Дауда элира: «Явсайхой эшо лууш мел верг лаьтта кӀелахь йолчу биргӀанехула ваха веза, „бӀаьрзе а, астагӀа а“ болу сан мостагӀий болчу царна тӀекхачархьама». Цундела олуш ду: «АстагӀа верггий, бӀаьрзениггий цӀа чу вогӀур вац».
-
-
-
|2 Samuel 5:9| Дауд цу гӀопа чохь ваха хиира, цуьнан цӀе, «Даудан гӀала» аьлла, тиллира. Цо гӀалина гонах долчу лаьтта тӀехь гӀишлош дӀахӀиттийра. Цо Милло олучу гу тӀера дуьйна дӀахӀиттийнера уьш.
-
-
-
|2 Samuel 5:10| Даудан паччахьалла чӀагӀлуш дӀадоьдуш дара, массо ницкъийн Веза Дела а цуьнца вара.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
