-
|2 Samuel 5:21| ПӀелаштамхоша цигахь шайн цӀуш битира, ткъа Дауда а, цуьнца болчара а уьш схьаийцира.
-
-
-
|2 Samuel 5:22| Юха а пӀелаштамхой, баьхкина, Репайм олучу тогӀи чохь охьахевшира.
-
-
-
|2 Samuel 5:23| Дауда кхин цкъа а Везачу Эле хаттар дира, Цо цунна жоп делира: «Царна дуьхьал ара ма вала. ТӀехьахула тӀе а гӀой, комарийн дитташ долчу агӀор царна тӀелата.
-
-
-
|2 Samuel 5:24| Хьайна, комарийн диттийн баххьашкахула цхьаъ дӀавоьдуш санна, гӀовгӀа хазахь, сихха царна тӀе гӀо. Цунах хьуна хуур ду, Веза Эла, хьуна хьалха а ваьлла, пӀелаштамхойн эскар хӀаллакдан воьдийла».
-
-
-
|2 Samuel 5:25| Дауда Везачу Эло шена тӀедиллинарг кхочушдира. Цо пӀелаштамхойн эскар ГавӀон-гӀалара дуьйна ГӀазар-гӀалина тӀекхаччалц эшийра.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
