-
|2 Samuel 17:1| Ахьи-Тупала Абушаламе элира: «Шийтта эзар стаг схьа а хаьржина, хьала а гӀаьттина, со кху буьйсанна Даудана тӀаьхьавер ву.
-
-
-
|2 Samuel 17:2| Иза гӀел а велла, цуьнан гӀора дӀадаьллачул тӀаьхьа, со цунна тӀелетар ву. Аса иза кхерор ву, ткъа цуьнца берш бевдда дӀагӀур бу. Аса паччахь бен вуьйр вац.
-
-
-
|2 Samuel 17:3| Аса массо а адам хьуна тӀедерзор ду. Ахьа лоьхуш долу и цхьа са делла дӀадалар бахьана долуш, дерриг а халкъ шайна юкъахь машар а болуш Ӏийр ду 19».
-
-
-
|2 Samuel 17:4| Абушаламна а, Исраилан массо а къаношна а и дешнаш чӀогӀа дезаделира.
-
-
-
|2 Samuel 17:5| Абушалама элира: «Ӏаьркхихо волчу Хьушайга схьакхайкха. Цо хӀун олу хьовсур ду вай».
-
-
-
|2 Samuel 17:6| Хьушай Абушалам волчу веара. Абушалама цуьнга элира: «Ахьи-Тупала дина долу хьехар иштта ду. Цо аьлларг дан дезий вай? Нагахь санна хьо реза вацахь, хьайна хетарг ала».
-
-
-
|2 Samuel 17:7| Хьушайс Абушаламе элира: «Ахьи-Тупала хӀинца дина долу хьехар дика дац.
-
-
-
|2 Samuel 17:8| Хьуна хьайн да а вевза, цуьнан нах а бевза. Уьш майра а бу, шен кӀорнех яьккхина йолу нана-ча санна, дера а бу. Хьан да майра стаг ву. Иза шеца болчу нахаца буьйса йоккхуш Ӏийр вац.
-
-
-
|2 Samuel 17:9| Иза хӀинца, цхьана хьеха чохь я кхечу меттехь къайлаваьлла Ӏаш хир ву. Нагахь санна хьан да хьоьца болчарна хьалха тӀелатахь, и хӀума хезна болчу нахана дагадогӀур ду: „Абушаламна тӀаьхьахӀиттинарш эшийна!“ — аьлла.
-
-
-
|2 Samuel 17:10| ТӀаккха, лом санна, майра берш а дог эшна дӀахӀуьттур бу, хӀунда аьлча дерриг а Исраилан халкъана хууш ду, хьан да чӀогӀа майра тӀемало вуйла а, цуьнца берш доьналла долуш буйла а.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
