2 Samuel


  • |2 Samuel 22:41| Ахь дӀабовдийтинчу сан мостагӀийн баккъаш суна гина, цундела аса со цавезнарш хӀаллакбина.

  • |2 Samuel 22:42| Цара шаьш кӀелхьардаха бохуш орца дохура, амма уьш кӀелхьарбаха стаг вацара. Цара Везачу Эле кхойкхура, амма Цо жоп ца лора.

  • |2 Samuel 22:43| Чан санна, кегийра дакъош дора Аса царах, арара хатт санна, тӀе когаш а бетташ, хьуьйра ас уьш.

  • |2 Samuel 22:44| Ахьа суна дуьхьалдаьллачу сан халкъах кӀелхьарваьккхина со. Со дийна витина Ахьа, къаьмнашна тӀехь куьйгалла дайта. Суна девзаш ца хилла долу адамаш суна гӀуллакх деш лелаш ду.

  • |2 Samuel 22:45| Кхечу мехкашкара нах суна хьесталуш бу, со ву аьлла ма-хеззина, суна муьтӀахь хуьлий, дӀахӀуьтту уьш.

  • |2 Samuel 22:46| Шайн даг чохь лаьттачу кхерамо гӀора дӀадаьккхина церан, цундела уьш бегош, шайн чӀагӀонан меттигашкара арабуьйлура.

  • |2 Samuel 22:47| Дийна ву Веза Эла! Декъала хуьлда сан Тарх! Веза воккха хуьлда сан чӀагӀо волу, со кӀелхьарвоккху Дела.

  • |2 Samuel 22:48| Дела ву сох бекхам бийриг а, халкъаш суна муьтӀахь дийриг а,

  • |2 Samuel 22:49| сан мостагӀех со кӀелхьарвоккхург а! Суна дуьхьалбевллачарна тӀехь Ахьа соьга толам баккхийтира. Къизачу нахах Ахь со кӀелхьарваьккхира.

  • |2 Samuel 22:50| Цундела кхечу къаьмнашна юкъахь Аса Хьуна хастамаш бийр бу, ва Веза Эла, иллешкахь Хьан цӀе хестор а ю.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.