Rut

  • Leer por capítulos:
    1 2 3 4

  • |Rut 4:1| ГӀала чу воллучохь йолчу, нах гуллучу майдане а вахана, охьахиира БоӀаз. Цо вуьйцуш волу стаг а вара хӀеттахь тӀехволуш. ТӀаккха БоӀаза элира цуьнга: «Схьа а волий, охьахаахьа». Важа веана охьахиира.

  • |Rut 4:2| Кхайкхина, къанойх итт стаг а схьавалийра БоӀаза. Шайга охьаховшар дехча, уьш охьахевшира.

  • |Rut 4:3| ТӀаккха оцу гергарчу стаге элира БоӀаза: «Муаби-махкара цӀа йирзинчу НуӀмата вайн вешех Элималиках дисна долу доьзалан латта духкуш ду.

  • |Rut 4:4| Хьоьга иза дӀахазийта сацам бина ас. ХӀара нах а болуш, массо а сан халкъан къаношна а хууш, и дакъа ахь дӀаэца, хьо юххера гергара волу дела. Хьайна и эца лаахь, эца, ткъа эца ца лаахь, соьга схьахаийта. Хьо воцучун цкъа цхьанна а и схьаоьцийла дац, хьол тӀаьхьа эца йиш ерг со ву». Вукхо ша оьцу элира.

  • |Rut 4:5| ТӀаккха БоӀаза дӀахаийтира цуьнга: «Нагахь НуӀматан доьзалан латта оьцуш хилча, веллачун зуда, муабахо йолу Рути а хьайна йига езар ю ахь, лаьттан дакъа веллачун доьзалан долахь дисийтархьама».

  • |Rut 4:6| «Йиш яц сан и сайна йига, сайн дакъа декъна ца хилийтархьама. Сан йиш йоцу дела, ахь тӀеэцахь иза», — элира гергарчо.

  • |Rut 4:7| Цу заманчохь Исраил-махкахь иштта Ӏедал хилла: дакъа оьцуш, я хуьйцуш, я бина мах чӀагӀбеш, цхьаммо шен мача, схьа а яьккхина, кхечуьнга луш. И саннарг дар тоьшалла чӀагӀдар санна хилла Исраил-махкахь.

  • |Rut 4:8| Оцу гергарчу стага, шен когара мача схьа а яьккхина, элира: «И зуда а, и дакъа а хьайна схьаэца».

  • |Rut 4:9| ТӀаккха БоӀаза къаношка а, массо а адамашка а элира: «ХӀинца шу теш ду Элималикан а, Халин а, Махьланан а долахь мел хилла долу хӀума ас НуӀматера схьаэцар.

  • |Rut 4:10| Иштта шу тахана теш а долуш, веллачун дакъа цуьнан цӀартӀехь дитархьама а, цуьнан цӀе вежаршна юкъара ца яйархьама а муабахо йолу, Махьланах йисина йолу зуда Рути ас сайн дола йоккху».


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.