-
|Rut 2:1| НуӀматан цӀийнден Элималикан тайпанара а волуш, БоӀаз цӀе йолуш цхьа гергара стаг вара цигахь вехаш. Иза хьал долуш а, нахана вевзаш а вара.
-
-
-
|Rut 2:2| Муабахочо Рутис элира НуӀмате: «Со кха тӀе гӀур ю, дисина мекхан кенаш лехьо. Со декъала йийр йоллучун декъа тӀехь лехьор ду ас кенаш». НуӀмата жоп делира: «Дика ду, сан йоӀ».
-
-
-
|Rut 2:3| Кха тӀе а яхана, маьрсхошна тӀаьхьара мекхан кенаш лехьийра Рутис. Ткъа и дакъа Элималикан тайпанара волчу БоӀазан долахь долуш нисделлера.
-
-
-
|Rut 2:4| Оцу хенахь БоӀаз Байтлахамера кха тӀе веара. Иза маьрсахошка вистхилира: «Везачу Эло гӀо дойла шуна!» — аьлла. «Везачу Эло декъала войла хьо а!» — аьлла, дуьхьал бистхилира вуьш.
-
-
-
|Rut 2:5| ТӀаккха БоӀаза маьрсхошна тӀехӀоттийна волчу шен ялхочуьнга хаьттира: «И жима зуда хьенан ю?» — аьлла.
-
-
-
|Rut 2:6| Маьрсхошна тӀехӀоттийна волчу ялхочо, жоп луш, элира: «ХӀара жима зуда муабахо ю, НуӀматца Муаби-махкара еана йолу.
-
-
-
|Rut 2:7| ХӀокхо дехнера тхоьга, цӀевнашна юккъехула маьрсхоша дитина мекхан кенаш лехьадайтахьара шега аьлла 1. Са тесначхьана еана, хӀинццалц кхузахь ю хӀара. Кху тхов кӀел хӀинцца бен ца еана хӀара».
-
-
-
|Rut 2:8| БоӀаза элира Рутига: «ЛадогӀал, сан йоӀ! Кхечу нехан декъа тӀе кенаш лехьо а ма гӀо, кхузара дӀа а ма яла, сан ялхой-зударшца хӀокху меттехь а хила.
-
-
-
|Rut 2:9| Марс хьокху хӀара сан кха бен ма гойла хьан бӀаьргашна, гӀо хьо цаьрца маьрсхошна тӀаьххье. Ас сайн кегийчу нахана тӀедиллина, хьо хье ма е аьлла. Хьо хьагъелча, сан ялхоша моллучуьра хи а мала».
-
-
-
|Rut 2:10| Цец а яьлла, гора а яхана, лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, Рутис хаьттира: «Стенца доьзна ду-те, со кхечу хийрачу махкара йоллушехь, хьо суна иштта реза хилар?»
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
