-
|1 Pedro 4:1| Дала леррина Къобалвинчо Шен дегӀана бина ницкъ лайна дела, аша а цунах тера долчу леларна кечам бан беза. ХӀунда аьлча дегӀана хуьлу ницкъ лайнарг, къинойх дӀа а къаьстина,
-
-
-
|1 Pedro 4:2| дуьнен чохь яккха йисина хан, дегӀан лаамийн кара а ца воьдуш, Дала бохург деш йоккхуш хир ву.
-
-
-
|1 Pedro 4:3| Кхечу къаьмнийн нахах тарделла, хьалха а шортта хан яьккхина аша: вон мел дерг лелош, зударий а, божарий а хьарам лаамаш болуш, нахаца лелаш, муьйлуш, цӀушна хьарам Ӏибадат деш.
-
-
-
|1 Pedro 4:4| Ткъа хӀинца царна тамашийна хета аша хьалхалера боьха гӀуллакхаш ца лелош, цундела шуна лоь уьш.
-
-
-
|1 Pedro 4:5| Амма церан жоп дала дезар ду дийначарна а, беллачарна а кхел ян кийча Волчунна.
-
-
-
|1 Pedro 4:6| Беллачарна а хаийтинера хаза кхаъ. ДогӀмех аьлча — царна кхел йина. Ткъа синойх аьлча — уьш гуттар а дийна хир ду Дела волчохь.
-
-
-
|1 Pedro 4:7| Дерригенан а чаккхе тӀекхочуш ю. Хьекъале дуьйла, собаре а хила, тӀаккха шуьга доӀанаш далур ду.
-
-
-
|1 Pedro 4:8| Уггар хьалха даггара вовшийн деза, хӀунда аьлча безамо дукха къинош дӀахьулдо.
-
-
-
|1 Pedro 4:9| Шайн хӀусамашкахь вовшийн тӀеэца, яппарш а ца еш.
-
-
-
|1 Pedro 4:10| Шуна хӀоранна а ша тайпа похӀма кхаьчна. Вовшийн гӀуллакх де цу похӀмица, Дала тайп-тайпана диканаш деллачу тешамечу хӀусамдас санна.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
