1 Pedro

  • Leer por capítulos:
    1 2 3 4 5

  • |1 Pedro 1:1| Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векалера Кипера Дала къастийначаьрга, аренца лелаш, хийрачу мехкашкахула: Понтехула, Галатехула, Каппадокехула, Асиа-махкахула, Битхьуни-махкахула дӀасабекъабеллачаьрга.

  • |1 Pedro 1:2| Шена хьалххе хууш ма-хиллара, вайн Да волчу Дала шу хаьржира. Ткъа Делан Сино шу Далла улло далийра, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана муьтӀахь а хилла, Цуьнан цӀийца шу цӀиндалийта. Делан дика а, синпаргӀато а шорта хуьлда шуна!

  • |1 Pedro 1:3| 3-4 Хастам бу Далла, леррина къобалвинчу вайн Везачу Элан Ӏийсан Дена, Шен доккхачу диканца вайна керла дахар делла волчу, веллачуьра Ша леррина къобалвина Ӏийса ден а вина, цу бахьаненна хӀаллак а хир йоцучу, сакхто я замано талхор а йоцучу тӀаьхьене бакъболу сатийсам вайна белла волу. И тӀаьхье стигалшкахь ларъеш ю,

  • |1 Pedro 1:4|

  • |1 Pedro 1:5| ткъа шу, тӀаьхьара зама а еана, хиндолу кӀелхьардовлар гучудаллалц, шайн тешар бахьана долуш Делан ницкъо Ӏалашдеш ду.

  • |1 Pedro 1:6| Шу цунах даккхийдеш ду, хӀинца кӀеззигчу ханна шайна тайп-тайпанара зер лан дезахь а.

  • |1 Pedro 1:7| Шун тешар зуьйш ду, ткъа иза дешил деза ду. ХӀунда аьлча деши, цӀарца дахчош делахь а, замано талхош ду. Ткъа шун тешар, зен а зийна, бакъдолу тешар ду аьлла, хила дезаш ду, Дала леррина къобалвина Ӏийса веанчу дийнахь шун хастам а, даздар а, сийлалла а хилийтархьама.

  • |1 Pedro 1:8| 8-9 Шуна Иза веза, шайна ца гиннашехь. Шу теша Цунах, шайна Иза хӀинца а ца гушшехь. Шу, инзаре чӀогӀа хазахетар деана, даккхийдеш ду, хӀунда аьлча шуьга кхаьчна тешаран Ӏалашо: шайн кӀелхьардовлар.

  • |1 Pedro 1:9|

  • |1 Pedro 1:10| Пайхамарша леррина талла а теллина, Ӏама а дина оцу кӀелхьардовларх дерг дерриг а. Шуна дала кечдинчу Делан диканах лаьцна а дийцина цара.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.