-
|Abdias 1:1| Ӏабди-ЯхӀу-пайхамарна сурт хӀоттар. Хьалдолчу Эло иштта бохура Эдоман халкъах лаьцна.Везачу Эло хӀара хаам бира тхоьга, тӀаккха оха геланча вахийтира, и хаам халкъашна дӀахазийра: «ХьалагӀовтта, Эдомана дуьхьал тӀом бийр бу вай!» — аьлла.
-
-
-
|Abdias 1:2|«Ас къаьмнашна юкъахь жиманиг дийр ду хьох, цундела хьо лорур дац цара.
-
-
-
|Abdias 1:3|Хьо хьайн деган куралло Ӏехийна. Хьо дехаш ду лекхачу меттехь, тархийн хераллашкахь. Ахьа хьайн дагахь боху: „Мила вара со лаьтта доссо?“
-
-
-
|Abdias 1:4|Нагахь, аьрзу санна, лакха хьала а даьлла, седарчашна юкъахь ахь хьайна бен бича а, Ас хьо цигара а охьакхуссур ду», — боху Везачу Эло.
-
-
-
|Abdias 1:5|«Къуй-м бацара те хьуна баьхкинарш? Буьйсанна лела талорхой-м бацара те хьуна иштта бохам бинарш? Цара-м шайна оьшшучул бен хӀума дӀахьур яцара. Нагахь шу долчу кемсаш лечкъош берш къайлаха чубаьхкича, цара а буьтур бацара ткъа кемсийн масех буьртиг?
-
-
-
|Abdias 1:6|Ма, чӀим санна, цӀанвина Ӏесав! 1 Къайлаха мел ерг а ма гучуяьккхина цуьнан!
-
-
-
|Abdias 1:7|Шу шайн бартхоша дозанан йисте кхаччалц дӀалохкур ду. Шуьца бертахь бехачара, шу ле а дина, эшор ду. Шуьца цхьаьна шуьне ховшучара шу Ӏовжор ду. Цара эр ду шух лаьцна: „Мичахь ду церан дерриг а хьекъал?“»
-
-
-
|Abdias 1:8|«Цхьана дийнахь Ас таӀзар дийр ду Эдомна. Церан хьекъале нах хӀаллак а бийр бу, церан хьекъалалла дӀа а доккхур ду Ас, — боху Везачу Эло. —
-
-
-
|Abdias 1:9|Хьан тӀемалой, Теман-гӀала, кхерабелла хир бу, ткъа Ӏесаван лам тӀехь берш хӀаллакбийр бу».
-
-
-
|Abdias 1:10|«Аша шайн вешина Якъубана гӀело ярна, шуна тӀе эхь дуссур ду, шу гуттаренна а хӀаллакьхир ду.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
