Jonás

  • Leer por capítulos:
    1 2 3 4

  • |Jonás 2:1| Везачу Эло цхьана боккхачу чӀере, Юнус дӀакхалла аьлла, омра дира. Кхо де-буьйса даьккхира Юнуса оцу чӀеран гай чохь.

  • |Jonás 2:2| Ша чӀеран гай чохь воллуш, Юнуса доӀанца дийхира шен Везачу Деле.

  • |Jonás 2:3| Цо элира: «Со гӀайгӀанехь волуш Везачу Эле кхайкхира ас, тӀаккха Везачу Дала суна жоп делира. Эхартара цӀогӀа туьйхира ас, тӀаккха хезира Хьуна, Дела, сан аз.

  • |Jonás 2:4| ХӀордан кӀоргене, хӀордан даг чу кхоьссина Ахьа со. Хин Ӏовраша го бина суна. Хьан массо тулгӀенаш, со керчош, тӀехула евлла суна.

  • |Jonás 2:5| ТӀаккха элира ас: „Хьайн бӀаьргашна хьалхара дӀаваьккхина Ахь со, амма суна юха а гур ду Хьан Деза ЦӀа“.

  • |Jonás 2:6| Бух боцучу хӀордо къевлина со, сан син тӀе а кхаьчна, дӀалаьцна со хино. Сан коьртах хӀордан бецаш хьаьрчина.

  • |Jonás 2:7| Лаьмнийн буха кхаччалц охьавеана со. Гуттаренна а шен гӀораш а доьхкина, лаьтто дӀакъевлина со. Амма Ахьа, Сан Веза Дела, хьалаваьккхира со бух боцучу Ӏин чуьра.

  • |Jonás 2:8| Кхин сайн тоха са ца хилча, суна дагавеана Хьо, Веза Эла, тӀаккха Хьан Дезачу ЦӀа чохь волчу Хьоьга дӀакхаьчна сан доӀанаш.

  • |Jonás 2:9| Эрна а, харц а деланаш лоруш берш шаьш даим дезаш волчу Делах дӀакъаьстина.

  • |Jonás 2:10| Амма сайна тӀера сагӀа сайн озаца хастам беш доккхур ду ас. Сайн нигат а кхочушдийр ду ас. Везачу Элан карахь ду кӀелхьарвалар!»


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.