-
|Cantares 2:1|Со Шарон-аренара акха зезаг ду, тогӀи чуьра петӀамат-зезаг ду.
-
-
-
|Cantares 2:2|Коканан коьллаш юкъахь петӀамат санна, мехкаршна юкъахь ду сан деган зезаг.
-
-
-
|Cantares 2:3|Хьуьнан дитташ юкъахь Ӏожан дитт санна, кхиъначу кӀенташна юкъахь ву сан везарг. Цу Ӏожан ӀиндагӀехь хиъна Ӏаш хазахета суна, цуьнан стоьмаш сов мерза ду ас дууш.
-
-
-
|Cantares 2:4|Цо со той долчу цӀа чу йигира, суна тӀехула йолу цуьнан байракх — безам бу.
-
-
-
|Cantares 2:5|Кишмашца сан гӀора чӀагӀдейша, Ӏежашца сан дог тодейша, гӀелъяллалц безамах со хьоьгу дела.
-
-
-
|Cantares 2:6|Цуьнан аьрру куьг сан коьрта кӀелахь ду, аьтту куьйгаца со марайоьллина цо.
-
-
-
|Cantares 2:7|Ярушалайман мехкарий, сейн а, аренан лунийн а цӀарах дехар до шуьга: безам ма баккхийша сама, ма гӀаттабайша иза, цунна лаъалц.
-
-
-
|Cantares 2:8|Сайн везарган аз хеза суна! Иза вогӀуш ву, лаьмнашна тӀехула кхиссалуш, гунашна тӀехула лелхаш.
-
-
-
|Cantares 2:9|Сан хьомениг масарх я къоначу сайх тера ву. Тхан пенна тӀехьа лаьтта иза, цӀийнан корах чу а хьоьжуш, гурах чекх бӀаьрг а бетташ.
-
-
-
|Cantares 2:10|Сан везарг соьга баха хӀоьтти: «ХьалагӀатта, сан хьомениг, сан исбаьхьаниг, араяла.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
