-
|Colossenses 4:1| Элий, шайн лешца бакъо а, нийсо а лелош хилалаш. Диц ма делаш, шайна тӀехь цхьа Эла хилар: стигалшкахь волу Веза Эла.
-
-
-
|Colossenses 4:2| Сема а долуш, Далла баркалла а олуш, леррина доӀанаш делаш.
-
-
-
|Colossenses 4:3| Иштта тхуна тӀера а доӀанаш де Деле, Цуьнан дош дӀакхайкхо а, Цо леррина Къобалвинчух лаьцна йолу Цуьнан къайле дӀайовзийта а тхан аьтто бар доьхуш. И къайле дӀакхайкхор бахьана долуш, ву со набахтехь.
-
-
-
|Colossenses 4:4| Дехалаш Деле, и къайле дӀакхайкхо еззачу тайпана дӀакхайкхо суна хаийта алий.
-
-
-
|Colossenses 4:5| Арахь болчаьрца хьекъале хилалаш. БегӀийла меттиг шайна нисъелча, хьехамаш бан пайденна хилийталаш.
-
-
-
|Colossenses 4:6| Шун дистхилар а хаза хила деза, дуьйцург сингаттаме ма хилийта, хӀоранга а жоп муха дала деза а хууш.
-
-
-
|Colossenses 4:7| Сох лаьцна шадерг ТихӀака дуьйцур ду шуна. Тхоьца цхьаьна Везачу Элана гӀуллакх деш волу, тешаме къахьоьгуш волу, вайн хьоме динан ваша ву иза.
-
-
-
|Colossenses 4:8| Тхоьгахь хӀун хьал ду шуна хаийта а, шун дегнаш иракарахӀитто а воуьйту аса иза шу долчу.
-
-
-
|Colossenses 4:9| Шу долчуьра тешаме а, хьоме а волу динан ваша Онисам а ву цуьнца. Цара кхузахь долчу дерригенах а лаьцна дуьйцур ду шуна.
-
-
-
|Colossenses 4:10| Шуьга маршаллаш доуьйту соьца цхьаьна набахтехь волчу Арестаха а, иштта Бар-Наабан шичас Марка а. (Цунах лаьцна олуш, аса тӀедиллинера шуна, нагахь иза шу долчу кхачахь, цунна хьошалла дар.)
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
