-
|3 Juan 1:1| Тхьамда волчу аса яздо хьоьга хӀара кехат, сан хьоме Гаяс. Суна хьо билггал дукхавеза.
-
-
-
|3 Juan 1:2| Сан хьоме доттагӀа, ас доӀа до, хьо могуш-маьрша хилийтар а, массо а агӀор хьан дика хилийтар а доьхуш, хьан синан агӀо дика ма-хиллара.
-
-
-
|3 Juan 1:3| Суна чӀогӀа хазахийтира, цхьаболчу динан вежарша, кхуза а баьхкина, тоьшалла дича, хьо билггал долчу бакъдолчунна тешаме а ву, цуьнца хьо кхидӀа а лелаш ву аьлла.
-
-
-
|3 Juan 1:4| Суна массо а хӀуманал хазахеташ дерг ду, сан динан бераш гуттара а билггал бакъболчу некъахула лелар.
-
-
-
|3 Juan 1:5| Сан хьоме доттагӀа, динан вежаршна дечу гӀуллакхашна тӀехь хьо чӀогӀа тешаме ву, уьш хьайна бевзаш а боццушехь!
-
-
-
|3 Juan 1:6| Кхузахь йолчу динан тобанна хьалха цара тоьшалла дира хьан безамах. Далла хазахетачу тайпана уьш новкъа бахар дика хир дара хьуна.
-
-
-
|3 Juan 1:7| Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа буьйлабелла лелаш ма бу уьш, дин доцучу нахе гӀо а ца доьхуш.
-
-
-
|3 Juan 1:8| Цундела вай, динан вежарша, ишттачу нахана оьшшург дӀадала деза, вай ваьш а бакъдолчун дуьхьа цара дечу гӀуллакхийн декъахь хилархьама.
-
-
-
|3 Juan 1:9| Хьо вехачохь йолчу динан тобане кехат яздинера ас, амма Дайтарпана со къобал ца во, хӀунда аьлча цунна динан тобанан коьртехь ша хила лаьа.
-
-
-
|3 Juan 1:10| Цундела со шу долчу веача, аса динан тобане ма-дарра дӀадуьйцур ду Дайтарпана лелочух лаьцна. Цо тхох лаьцна харцдерг дуьйцу, ткъа, иза дина а ца Ӏаш, тхан динан вежарий тӀе а ца оьцу цо. Иштта цо новкъарло йо оцу тобанехь болу и динан вежарий тӀеэца лууш болчарна а. Цо уьш динан тобанна юкъара дӀа а боху.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
