-
|1 Timoteo 6:1| Лоллехь бохкучу леша а, хьакъ мадду кхоччуш лара беза шайн олахой. И дан деза Делан цӀе а, вайн хьехамаш а емал ца байта.
-
-
-
|1 Timoteo 6:2| Шаьш санна Ӏийсах тешачу шайна тӀехь болчу олахойх ца дешаш ма хила. Мелхо а, шайн динан вежарий уьш болу дела, кхин а дика царна гӀуллакх дан деза цара. ХӀунда аьлча церан балхах беркат хуьлурш царна безаш болу Ӏийсах тешнарш бу. Иштта хьехамаш а бе, кхета а бе.
-
-
-
|1 Timoteo 6:3| Цхьаболчара харц хьехамаш дӀасабаржабо. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан хьекъале долчу дешнашна реза ца хуьлу уьш. Ӏийсах тешарг муха лела веза боху хьехам а тӀе ца оьцу цара.
-
-
-
|1 Timoteo 6:4| Ишттачарна даг чу куралла йоьссина. Царна хӀумма а ца хаьа. Къовсабаларан а, дашах лаьцна къийсаме къамелаш даран а цамгар кхетта бу уьш. Ишттачух долало хьагӀ хилар, девнаш дахар, вовшашна лер, мекара шеконаш хилар.
-
-
-
|1 Timoteo 6:5| Хьекъалх телхинчу нахана юкъахь хуьлу и къийсарш. Билггал бакъдолчунна гена бу уьш. Динах шайна цхьа са ер ю моьтту царна.
-
-
-
|1 Timoteo 6:6| Баккъалла а, суьпа хиларх вайна йоккха са йолу, нагахь санна вайн долуш долчунна вай реза хилахь.
-
-
-
|1 Timoteo 6:7| ХӀунда аьлча кху дуьнен чу вай цхьа а хӀума ца деана, гуш ду-кх цхьа а хӀума кху дуьнен чуьра вайга дӀадахьалург ца хилар а.
-
-
-
|1 Timoteo 6:8| Юург а, тӀеюхург а вешан хилча, тоам бан беза вай.
-
-
-
|1 Timoteo 6:9| Шайн хьал совдаккха луурш зуьйш ма бу. Дукха сонтачу а, зуламечу а лаамийн речӀано лоцу уьш. Оцу хӀуманаша уьш дакъаза а боху, хӀаллак а бо.
-
-
-
|1 Timoteo 6:10| Массо а тайпана вочу хӀуманан орам — ахчанна сутара хилар ду. Ахчанна тӀаьхьа а бевлла, дукхахберш динах дӀабирзира. Цундела шаьш-шайга баккхий баланаш хьоьгуьйту цара.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
